Светлый фон

Уггар хала болх кассин цIа чохь карийра царна. Цкъа тIехула эчиг тоьхна неI йохо дийзира. Иза-м неIсагIина а, неIарна а йуккъе лом доьллина, саттийна, схьайиллира цара. Стоммачу эчиган ши сейф схьайелла гIерташ, дуккха а къахьега дийзира. Цкъа булий, варзап йеттара, и вокзал йекош. ТIаккха даIамца догIанан гуо хадо гIертара, тIаккха лом сеттадора. Хьалхарчу неIарш чухула шолгIанаш а хиллера.

Зеламха сих-сиха неIаре хIуттура:

– Шу довла ца дохку?

– ХIинца цхьа хIума хуьлуш доллу хIокхунах!

Цхьана сохьтехь къахьегча, шина а сейфан арахьара а, чухулара а неIарш схьайеллайелира. Чохь ахча Iуьллура, таппашка а нисдина, тIехула тIийригаш а йихкина. Уьш сихха гали чу кхийсира Саламбека а, Жабраила а.

Вокзалана гонаха массанхьа а тоьпаш йевлира.

– Девллий шу?

– Девлла!

– Же, ма Iелаш! Гучудевлла вай!

Тоьпаш йеттарш эххар а самабевлла станицера гIалагIазкхий бара. Йуьхьанца хиллачух ца кхеташ, хIаваэ хьала йеттара цара, тIаккха вокзалера схьабогIу обаргаш гича, цхьаберш дуьхьал а бевлла, тIеетта буьйлира. Амма уьш саметта а баьхкина, вовшах а кхетта, тIаьхьабовла кхиале, дуьхьалнисвелларг, тухий, вожош йа эккхош, шайн говраш тIе а бахана, хаьхкина дIабахара обаргаш.

Вокзалан кассера 18000 сом ахча даьхьира цара.

ГIала хаам бича, станце кхечира Соьлжа-ГIалин округан начальник подполковник Стрижев а, оцу буьйсанна гIалахь нисвелла Вербицкий а, цуьнан метта таллархойн ханна отрядан начальник хIоттийна полковник Веселовский а. Салтийн а, гIалагIазкхийн а орца даьккхира цара обаргашна тIаьхьа. Амма Зеламха шен накъосташца тоххара лаьмнашка воьллера…

 

4

 

Исс баттахь гергга Зеламхина тIаьхьа толлуш, лийлира Вербицкий. Амма оццул къахьегарх, цуьнга лацавелларг веккъа цхьа обарг бен вацара. Иза хIокху областе веача, цо дина дозаллаш а, кхийсина кураллаш а, Зеламхина тийсина кхерамаш а дуьххьалдIа кIар-кIаран даьсса хабарш а, гIовгIa а хиларх кхеттера меттигера йукъаралла а. Хьалхарчу масех баттахь иза, турпал вина, хестийра меттигерчу зорбано а. ТIаккха цхьана йукъана иза хестор дитира цо. ТIаьххьара а цунна тIехбеттамаш бан, Iиттарш йан дуьйлира. ХIун деш ву бIагIара атаман Вербицкий? Пятигорскан а, ДегIастанан а турпал? Мича дахана цо Iедална а, йукъараллина а делла дош? Шен реляцешна тIехь цо масех бIе обарг вийна, ткъа Зеламха маьрша лела? ХIyммa а лечкъина а, къайлаваьлла а ца Ia. Мелхо а, дийнан делккъехь Буру-гIалина а, Соьлжа-ГIалина а тIелетарш до. Хьалхачул а алсам. Ткъа Вербицкий нохчийн а, гIалгIайн а йарташ йохош, талош, бехк-гуьнахь доцу нах бойуш, лоьцуш, набахтешка кхуьйсуш, мелхо а, Зеламхин тоба стамйеш ву. Вербицкийс пайда ца бо Iедална а, йукъараллина а, мелхо а, зуламе ваьлла иза.