– Масех стаг ву гена воццуш лаьтташ, – мохь белира цуьнан.
– Салтий-м бац уьш?
– Бац. Суьйлий буй-те, моьтту суна.
– Хьо гиний царна?
– Муха ца го!
– Царна муха хиъна-те вай кхузахь хилар?
– Вайн цIеран кIур ма бу, хьехан бертехула ара а буьйлуш, хьалаоьхуш…
Зезаг, хьехан берте а йахана, ларлуш, арахьаьжира.
– Ва-й, Дела, схьабогIуш бу-кх уьш! Вайша хIун де-те, вашин зуда?
– ХIун дийр дара вайша? Йохий ма хьийза. Хьо кхераеллий ма хаийталахь царна.
ХIорш болу меттиг гучуйаьллера. ХIинца ловчкъа гIертар эрна дара. Ши зуда хьехара арайелира. Хьалха цигахь лаьтташ дегIастанхой бен бацара, хIинца салтий а гучубевлира. Салтий, герга бахка ца баьхьаш, даккхийчу чхернаш тIехьа а левчкъина, хьеха тIе тоьпаш а йерзийна, севцира.
– Ва-а-а, нохчий, гIалгIай! Бусалбанаш буй шуьца? – мохь туьйхира Бецис. – Тхоьца цхьа а боьрша стаг вац, тхоьгахь герз а дац! Тхо ши зуда а, йалх бер а ду кхузахь! Уггар йоккхачу йоьIан дейтта шо а долуш!
ХIокхарна гуш боцуш, хьехана тIехула торха тIехь а хиллера салтий. Цигара охьа хехкалуш, шершаш чувоьссира ши стаг.
– Тхо гIалгIай ду. Тхох кхера ца оьшу. Зеламха вуй шуьца?
И шиъ вайнехан маттахь вистхилча, сапаргIат делира шина зудчун.
– Зеламха а, цхьа а боьрша стаг а вац тхоьца. Тхойшиъ а, йалх бер а ду.
– Зеламха мичахь ву?
– Ца хаьа тхуна.
ТIевеана ши дегIастанхо, тоьпаш хьала а лаьцна, хьеха чу хьаьжира. Чохь, кхераделла, вовшашна тIеттIа а таьIна, хебна Iаш бераш доцург, кхин адам ца гича, аравелира и шиъ. Кхин масех дегIастанхо а тIевеара хIокхарна. Кхузахь шайна кхерам боцийла хиъча, майравелира говрачух тера корта болу хьаьрса суьйли.
– ХIинца-м тхан карахь дара шу! – нохчийн маттахь вистхилла, баьхьанаш санна йаккхий, можа цергаш гучу а йохуш, велавелира иза. – Тхан къинхьегам эрна ца хили!