– Зеламха мичахь ву?
– Ца хаьа суна. Цхьа бутт бу суна иза газа.
Шина дийнахь лейира Беци а, Зезаг а. Цаьршиммо даим а цхьа жоьпаш лора. Эххар а оьгIазвахара Андронников.
– Ас ирхъуллур ду хьо, зуд! – бетах шеташ туьйсуш, Бецина тIекъевкъира иза. – Хьан къотIарчий, арсаш хьоькхуш, дойур ду ас! Дийца, мичахь ву Зеламха!
Цо аьлларг гоч а дина, шеггара тIетуьйхира гIалгIачо:
– Хабар дуьйцу цо. Хьо ирхъолла-м хьовха, хьох пIелг хьакхо а бакъо йац цуьнан. Хьайна хаахь а, Зеламха волу меттиг ма йийцалахь!
– Суна, Зеламха мичахь ву а, дийна ву-вац а ца хаьа. Масех эзар салтичуьнца тIаьхьа а ваьлла, схьалецна, тхо зударий а, бераш а хьийзадо ахь. Иштта хьо майра а, къонах велахь, Зеламха лаца, алахьа цуьнга. Цо ирх а ца уллуш, урс а ца хьокхуш, топ тоьхна, хье дIатосур бу хьан, алахьа цуьнга.
ГIалгIачо и дешнаш ца гочдира.
– Шена Зеламха газа цхьа бутт бу, дийна ву а, велла а, ца хаьа, боху.
– Дика ду, дакъаделла йешап! – муцIар разйаьккхина, пIелг ластийра Андронниковс. – Ас БуритIа а дигна, хьайн херсешца набахти дуллур ду хьо, зуд! Цигахь месаш лаьцна, текхо йоьлча, багара мотт схьаийзо боьлча, цхьацца йоккхуш, цергаш схьайаха йоьлча, цIийдинчу эчигца хьайн дегI марца доьлча, тIаккха дуьйцур ду ахь, Зеламха мичахь ву!
ОьгIазвахана Андронников, вехьаш, чухула дIасалелаш, чувеанчу гIалгIачо Дауд-Герис сени чу ваьккхира иза.
– Хьан сийлалла, Зеламха мичахь ву, хиъна тхуна!
– Мичахь ву?
– Хевсуретин дозанашкахь!
– Разбойникаш дукха буй цуьнца?
– Пхиъ ву. ЙолхалгIа – пхийтта шо хенара цуьнан ваша а. Амма цига ваха кхераме ду, хьан сийлалла…
– ХIунда?
– КIело а йина, хьан отрядана зенаш ма дахьара цо…
Андронников, ца вешаш, велавелира.
– Цуьнан берриг а разбойникаш хир белара цуьнца! Цхьана тохарца уьш берриг а хIаллакбан! Баркалла хьуна, Дауд-Гери. Ахь хаза кхаъ беана суна. Оха йал йоцуш вуьтур вац хьо!