Светлый фон

Пхи накъост шех схьакхетталц, цхьана ханна Хевсурете ваха сацам хиллера Зеламхин. Амма накъосташа шаьш цуьнан доьзал болу меттиг Андронниковга дIайийцина а аьлча, тIаккха кхуза веанчу Элбарта цуьнан доьзал Андронниковс лаьцна, Буру-гIала дIабигна а аьлча, и сацам буьйхира Зеламхин. Вуьшта а Хевсурете боьду некъ дIакъевлинера цунна. Зингатийн туьйлиг санна, хIара лаьмнаш сийсош салтий, гIалагIазкхий, дегIастанхой, гуьржий бара. Царал совнаха, Хевсуретин дозанца охьахевшина гуьржийн полици а, салтий а бара. Амма таллархоша хьовзийна, лаьттах Iуьрга доьлла цхьогал санна, хIокху лаьмнашкахь лечкъина Iойла дацара Зеламхин. Буру-гIала бигна шен доьзал маьршабаккха ницкъ бацара цуьнан. Делахь а цо бекхам оьцур бу шен мостагIех. Уггар хьалха – Андронниковх а, Донагуловх а. И шиъ ламанхо ма ву. Ламанхой хилла а ца Iа. Лулахой бу. Цхьаъ – гуьржи, важа – суьйли. Оьрсийн паччахьан хьадалчаш, йалхой, лайш. Зеламха лаца йа вен чIагIо йина арайаьлла ши хьакха. Амма Зеламхица пхи накъост бен вац. МостагIий ши эзар сов бу. Цаьргахь герз ду шортта. Йаккхий тоьпаш, пулеметаш. Говраш, варраш. И хьакхарчий-м йойур йара хIокху пхеаммо. Ткъа уьш байа герз ма деза хIокхарна. Кхаьргахь ши топ а, бIе патарма а бен бац. Зеламхина кхин а пхи топ а, ши эзар патарма а беза…

– Элбарт!

– Вай.

– Суна пхи топ а, ши эзар патарма а беза.

– Стенна?

– И ши эзар хьакха йен.

Элбарт, вист ца хуьлуш, дIатийра. Важа накъостий набарш кхетта Iохкура. Элбарт вист ца хуьлуш хьевелча, цунна а наб кхетта-те аьлла, хийтира Зеламхина.

– Элбарт!

– Вай.

– Хьо вистхуьлуш ма вац?

– Ойла йеш Iapa со-м. И герз мичара хир ду вайна?

– Сайна ца хаьа дела, хаьттира ас-м. Шун йарташкахь хир дац-те аьлла. Пхоьазза йолу тоьпаш-м наха лур йац. Муьлхханаш а мегар йара суна. Мокхазан тоьпаш а. Шортта молха а, хIоьънаш а хилчахьана. Хьо хамхо ву, Элбарт. Хьан тайпанан наха гIo ца деш вуьтур вац. ГIой, хьайга хIун дало, хьажахьа. И Андронников, Донагулов боху ши кхахьпа мичахь ду а, хьажа.

Элбарт, шен гIовтал а, чоа а тIе а дуьйхина, пеша тIехь йакъайала йехкина лоьдгаш къажйина, неIармачаш чу а йоьхкина, уьш кога а оьзна, лергашна тIетаIIош коьрта кхакханан куй а тиллина, аравелира.

Ши эзар сов мостагI ву цунна тIаьхьаваьлла. Дерриг некъаш дIакъевлина цара. Амма царна ца девзаш некъаш а ду лаьмнашкахь. Акха гезарий бен ца лелаш. Уьш девзича а, цигахула лелалур бац салтий а, гIалагIазкхий а. Зеламха а, цуьнан накъостий а лелало. Уьш Iамийна халчу дахаро. ХIокху тIаьхьарчу итт-цхьайтта шаро. Ткъа Зеламхина пхоьазза йолу пхи топ а, царна ши эзар патарма а оьшу. И ши эзар мocтaгI вен…