Светлый фон

Йуьстах болчу гIашлойн некъашкахула, кхаш тIехула некъ беш, цхьана сохьтехь Эшкала чувуьйлира и шиъ. Керташна тIехула а вуьйлуш, масех бешахула чекхваьлча, Зеламха бешахь а витина, жимачу корехь чиркхан серло къегачу цIа чу а вахана, масех минот йаьлча йухавеара Элбарт, хIусамда а валош. Меллаша маршалла а хаьттина, кхин къамелаш ца деш, Зеламха цIа чу вигира xIусамдас. Дукхахболчу нехан санна, къен-миска йара хIара xIycaм. Дерзина пенаш, кIурз биллина Iаржйелла шуьйра товха, оцу чохь цIe ца леташ, гIийла сийсаш стомма гуьйриг. Пенах леррина йинчу терхи тIехь богуш тIедиллина шиша доцу тиша чиркх. Поппаран маьнги тIехь тишачу йургIи кIел чIогIа набарш кхетта Iуьллуш кхо бер. ХIорш чубахкале хьалагIеттина хIусамнана, хьешашка маршалла а хаьттина, кхача кечбан тохайелира. Амма шайн дукха Iойла дац аьлла, Зеламхас сацийра иза.

Зеламха а, Элбарт а чохь а витина, араваьлла хIусамда дукха хан йалале, Мохьмад-Гери а валош, йухавеара. Иза элдарчу дегIахь, болатан басахь, ткъе пхийтта шо хенара стаг вара. Хьал-де хаьттинчул тIаьхьа, кхин къамел йукъа ца доккхуш, ша деана гIуллакх дийцира Зеламхас:

– Мохьмад-Гери, хьуна ма-хаъара, со лаца йа вен Iалашо йолуш, суна тIаьхьа талла араваьлла ши эзар салти, гIалагIазкхи, дегIастанхо, гуьржи ву. Андронниковс йийсаре бигна сан доьзал. Сан хIусамнана а, вешех йисина зуда а, цуьнан кIант а, сан пхи бер а. Кхана лаьмнашка хьалагIоьртур бу и Делан мостагIий. Ши эзар хьакха. Шайн коьртехь Андронников, Донагулов боху ши нал а йолуш. И шиъ а, цаьршинна тIаьхьара ши эзар хьакха а йен йеза ас. Соьца пхи накъост а, пхийтта шо хенара сан ваша а, шиъ пхоьазза йолу, цхьаъ цхьалго топ а йу. КIезиг герз ду иза оцу ши эзар хьакхина дуьхьал. И хьакхарчий лаххьийна йайа суна пхоьазза йолу пхи топ а, ши эзар патарма а беза. Хьоьгара гIо эшна, дехаре веана со, Мохьмад-Гери.

Мохьмад-Гери, куьйга корта а лаьцна, лаьттан бIаьра а вогIавелла, цхьана минотехь вист ца хуьлуш Iийра. Дехаре веанчу стеган дехар йухатухийла а йац, иза кхочушдан ницкъ а бац. ХIара хьаша ма ву. Хийра хьаша. Нохчо. Зеламха.

– Сан цхьа топ а, ткъех патарма а бу, Зеламха. Со да волуш кхин герз дац. Сайн дерг дIалур ду ас хьуна.

– Хьан пхи топ а, ши эзар патарма а боцийла, хаьа суна, Мохьмад-Гери. Амма шун отрядехь масех эзар топ а, патарманаш а ду.

– Отрядехь герз ду, Зеламха, делахь а иза со тIекхочехь дац. Иза дийнахь а, буса а лерина лардеш ду. Сан бакъо йац цигара цхьа патарма схьаэца а. Цаьргара нуьцкъала соьга даккхалур а дац иза.

– Мохьмад-Гери, хIокху хьан тайпан вашас Элбарта хьо майра, доьналле, тешаме къонах ву аьлла, сайга вийцича, веана со хьуна тIе дехар дохьуш, хьоьгара гIо оьшуш. Элбарта ма-вийццара, хьо хиларх теша со. Амма и хьайн майралла а, доьналла а, тешам а axь паччахьна, Андронниковна дIабеллий-те йа хьан дегIан пхенаш чохь леларг вайнехан цIий дац-те?