Светлый фон

Эршта йохо саперашна тIедиллар оцу буссехьа хиира Зеламхина. Цо Саламбеке хабар туьйхира, и взвод хIаллакье аьлла. Саламбека, новкъахь кIело а йина, дуккха а салтий байъира. Поручик Афанасьев а вийра. Амма дукха бу-кх дийна бисина мостагIий…

Зеламхина цхьана минотана а ца бицло шен доьзал. Декъаза Беци а, Зезаг а. Меда а, Эни а. Мохьмад а, Лом-Iела а, Iyмap-Iела а, Ахьмад а. Ши зуда, ши йоI, виъ кIант. Уьш набахтехь бу. Къаьсттана дукха ойла йо цо Зезаган. Нускалан хенахь, майрачух самукъадолучу, майрачух марзо оьцучу хенахь жоьра йисина иза. ДегIаца Лом-Iела а волуш. Цхьана-шина шарахь ЗеламхагIеран кертахь а Iийна, кIант хIокхаьрга схьа а велла, шен нахана тIе дIайаха бакъо йара цуьнан. Маре йаха бакъо а йара. Цо иза ца дира. КIант а кхобуш, хIокхеран доьзалехь сецира. Машаре дахар, синтем хилча а дара цхьа хIyма. Иза а, важа а ма ца хилира цунна. Зеламхин доьзалца, шен кIантаца цхьаьна xIapa къаьхьа баланаш ловш йу. Шен дегIал совнаха, иза да йолуш хIyмма а дац. Йа дегIан да а йац. Даим дIа Iожалла йу цуьнан когийн кIажаш а хьоьшуш, тIаьхьахIоьттина лелаш. Йа набахти йу даим а хьалха гуш. ХIинца иза набахтехь хир йу. КхидIа церан кхоллам муха хир ца хаьа ша Дела воцчунна. Сибрех бахийта а мега. БIеннаш доьзалш бахийтина цига. Зударий, бераш, къенанаш. XIоpш дуьххьара а, тIаьххьара а бац. Зеламха бехке ву Зезаган дакъазаллина…

ШолгIачу буса накъосташна тIевеара Элбарт. Йеккъа цхьа цхьалго топ а, цхьа герка молха а, ткъех хIоъ бохьуш.

Зеламхас карахь дIасахьовзийра цхьалго топ.

– Кхин ца карий хьуна, Элбарт?

– Ца карий. Герз доцуш-м хир бацара нах. Къайладаьккхина. Шайгахь дуй хаийта ца баьхьа. Гергарчарна а. Адамаш кхерийна Iедало.

– Оцу хьакхарчийн хIун ойла йу, хиин хьуна?

– Iассан тогIехула хьалабогIуш бу уьш.

– Андронников, Донагулов вуй цаьрца?

– Ву. И шиъ ву. Полковник Курдиев а ву. Хьо кхузахь ву аьлла, мотт тоьхна цхьамма.

Цхьа минот а хан эрна ца йохуьйтуш, Iассан тIай тIе сихвелира Зеламха. ТIай гена дацахь а, некъ хала бара цига. Некъ бан а бацара. Лаьмнийн тархашна тIехула даха дезара. Ло. Шаш. Дуккханхьа а ког билла дагарца шах киртигаш йаха дезара. Ломах хьаладовлуш а, охьанехьа чудуьссуш а. Цхьана йуьххьехь эчиган йиъ зIок йолу муш хьалакхуссий, тIулгах йа диттах дIа а тосий, цхьацца волуш, хьалаволура. Йа тIулгах, диттах муш дIа а боьхкий, охьачубуьссура. КIорга ло долчохь когех диркаш3 йоьхкий, боьлхура. Некъ хала хиларал совнаха, муьлххачу а минотехь салташна тIенисбаларна кхерам а бара. Цара геннара схьа тоьпаш тоьхна, къийгаш санна байа а тарлора.