– Э, Зеламха, со реза вац ахь бохучунна! Андронников суна вита веза!
– ХIан-xIa, Азамат, цо сан доьзал йийсаре бигна. Иза вен чIагIо йина ас.
– Ткъа суна шина гIалагIазкхичуьнга йеттийтина цо! Куьйгаш а, когаш а дехкийтина. Ша тIе а хIоьттина. ЧIоггIа тоха а бохуш. Коьртах, чоьже, чукIеле тоха а бохуш. Там хилла вела а воьлуш, говрах терсаш. ХIан-xIa, Зеламха, и гуьржи ас вуьйр ву. ТIе, тхан Несара округан начальник волчу цо дукха зударий, бераш делхийна. Важа суьйли, Донагулов, вехьа ахь. Иза а ма вара цуьнца хьан доьзал йийсаре лоцуш. Цуьнца хийцалуш, Бецера а, Зезагера а лем оьцуш а. Цуьнан суьйлаша дукха дог этIийна хьан доьзалан.
– Дика ду, Азамат. Андронников хьуна вуьту ас.
ТIаккха, ши бIаьрг лаьмнашна тIехула стигала хьала а боьгIна, даржийна ши куьг доIина хьалалецира Зеламхас:
– ХIай АллахI, хара дуьне-Iалам кхоьллина ницкъ болу тхан Дела! Айхьа кхоьллинчу синошна лаьттахь, хи чохь рицкъа латто къинхетаме, комаьрша Дела! ГIийлачунна, мискачунна, дедоьхначунна орцахволу Дела! Бохаме, халоне нисвеллачунна собар ло Дела! Хьо воцург кхин Дела цахиларх дог тешначу, Ахь ваийтина Хьан лай Мухьаммад пайхамар бакъвинчу, Aхь декъалбина эвлайааш къобалбинчу, Ахь гайтинчу некъахь тхешан ницкъ ма-кхоччу нисдала гIертачу тхох къинхетам белахь, тахана тхуна орцахвалалахь! Нагахь тахана тхо харцонна арадевллехь, тхан бIаьрса бIарзделахь, тхан куьйгаш лахаделахь, тхан дегнаш чу кхерам тасалахь! Нагахь тхан некъ Ахь къобалбеш белахь, тхан бIаьрса серладаккхалахь, тхан куьйгаш чIагIделахь, тхан дегнашна собар лолахь! Хьан бакъ динан мостагIаша бIарздинчу тхуна хIокху керстанех бекхам эца ницкъ лолахь! Хьо воцург орцахвала да воцуш, гIo дан накъост воцуш, хIокху керстанийн Iедало акхаройн амалшка дерзийна, кIелхIотта тхов боцуш, лаьмнашкахула, хьаннашкахула меца, дерзина лелачу тхуна гIo делахь, хIай АллахI, тхан ницкъ болу, къинхетаме, комаьрша Дела!..
ТIай тIекхьаьчча гIаш а бевлла, говрийн архаш лаьцна схьабуьйлабелира эпсарш. Массарна а хьалха вогIура Андронников а, Донагулов а. Цаьршинна тIаьхьа – полковник Курдиев.
– Курдиевна хIун до вай? – хаьттира Мохьмада.
Зеламхина ца дицлора шена кIеззиг а дина дика. Цуьнан кIант Мохьмад, лайлахула ца вахалуш, кIадвелла соьцуш гича, Курдиевс схьа а эцна, говра тIе а ваьккхина, шена хьалха охьахаийнера. Иза ца дицделлера Зеламхина.
– Курдиев ма хьеве.
Цкъа Донагуловн шина бIаьрга йуккъе ниша лецира Зеламхас. Цуьнан хье баржийна дIатаса. ТIаккха даг тIе хьажийра. Амма тоьпан лаг ца узура цо. Оцу шинхьа тоьхча, сихха лийр дара и дахкаделла суьйли! Цуьнан сихха са даккха ца лаьа Зеламхина. Цуьнга xIapa дуьне къаьхьа даийта деза. ХIокху Iедало Зеламхин доьзале санна. Велла а, дийна а воцуш. Мича тоха-те? Ши эпсар тIай йуккъе кхечира. ЦIеххьана дагадеара Зеламхина мича тоха йеза. Донагуловн зуда хаза йу, боху. Цунна дукхайезаш. Иза мел дукхайезахь а, цунна уллора дIаваьлча, кхин зударий а беза, боху. Дийцарехь, и Донагулов зударшца лела кхахьпа ду. И боьршаллин билгало дIа а йаьккхина, ша дуьненахь йоккхучу ханна зударех, самукъанех дIахадо веза иза…