XIapa буьйса йекхна йара, йуккъе баьллачу батто а, стигалахь даьржинчу седарчаша а серладаьккхинера дуьне. Некъашца хIиттинчу хишна тIехула буткъа ша лацабеллера. Михеевс даржех бохийна йуьртда Орцха а, имам Межед а, къеда Iелаха а, вовшашца лохха къамелаш а деш, Саламбекан кертан ринжа а диллина, керта буьйлира.
Саламбекан керт-ков могIарчу гIалгIайнчул хийцам болуш дацара. Тхов тIе гериг йиллина, деха пурхе долуш лоха цIенош. Кертахь цхьана aгIop дохнан божал а, paгIy а. Йуьстаха хIоттийна серагех буьйцина хьаьжкIех буьзна до а. Цунна уллохь котамийн кIара а. Йовхачу хенахь пеш йаго йина тхов-кIело.
ХIорш кхоъ керта ваьлча, кочара зIе йекош, чукхийсалуш, дера летадуьйлира paгIy кIелахь дихкина Iаьржа, доккха жан-жIаьла. Пурха ваьллачу шийтта шо хенарчу кIанта човхийна дIатедира иза.
– Ва-а, Хадижат!
– XIa-вай! – чуьра схьа йист а хуьлуш, араелира Саламбекан хIусамнана.
– Хьо цIахь йуй?
– Дера, йу. Схьадуьйла!
– Буьйса дика хуьлда шун, Хадижат!
– Марша догIийла шу а, Орцха!
– Делера къинхетам, беркат ма оьшийла кху кертара!
– Дела резахуьлда шуна а, Межед! Схьачудовлал, Iелаха!
Йуьртарчу таро йолчу нехан цхьа масех цIа доцург, берриг а бахархойн хIусамаш, цара цхьабарт бина кечйича санна, цхьатера йара чохь. Шочах йуьйцина черт буха а йиллина, тIехула истангаш тийсина поппаран маьнга. Цуьнан цхьана маьIIехь тIекIел йоьттина мотт-гIайба. Чухула стомма кIурз биллина, бертиг Iаржйелла шуьйра товха. Дуьхехь хIоттийнчу дехачу гIанта тIехь цIестан кIудал а, гIyммaгIa а. Баьрчерчу пенах тоьхна борах куз, вукху пенах тоьхна бустамашца кечдина къорза истанг а. Пенах терхешца хIиттийна кхийра пхьегIаш.
– Ma дика ду шу даьхкина! ЦIеранаш муха бу, шу дeppиг а могаш дуй, сингаттам боцуш дуй? – хьийзара Хадижат.
Хьеший паргIатбевлча, царна хьалха хох кхорзуш чам тобина кхехкийна кхоьаш а, чуьйнан экъанна кIел дика йеттина сискал а хIоттийра хIусамнанас. Кхача биъна бевлча, шура а тоьхна, тIе даьтта а дуьллуш тодина гIалмакхойн чай а малийра.
Йуьртахь лоруш волу xIapa кхо стаг керта ваьлча, Саламбекана бохам хилла-те, и хаийта баьхкина-те аьлла, дегIе шело хьаьдира Хадижатана. Иштта хилча, уггар хьалха мapваша волчу гIур бара хIорш аьлла, цкъа шена маслаIат дира цо. ТIаккха вовшашца забарш а йеш, кхача баа боьлча, гуттар а сапаргIатделира.
– ТIаккха, Орцха, догIуш а доцу шу, цхьаьна а кхетта, схьадахкар лаа дуй?
Буру-гIала дIа а гулдина, инарлас шайга дина къамел а, селхана йуьртан гуламехь пурстопа йуьртахошка дина къамел а, шаьш хIун дан деза ца хууш, шайн доьхна хьийзар а дийцира Орцхас.