Михеев, кхин вист ца хуьлуш дIа а хьаьвзина, нийсса гIулч йоккхуш, вахана, ша зала чувеанчу неIарехула къайлавелира.
ГIалгIайн тхьамданаш, дегнаш доьхна, йарташка бирзира…
2
Ша тоьхна ши кIира хан чекхйаллалц а ца Iийра Михеев. ГIалгIайн йарташкахь уггар карзахечарна йа обаргаш бевллачу йарташна кхерамаш тийса вуьйлира иза. Уггар хьалха декъаза кхаж белира Саламбекан йуьртан – СагIопшан. Йуьрте Саламбек схьавоьхура Iедало. Нагахь санна иза схьа ца лахь, берриг а бахархой Сибрех а бахийтина, йурт йаго кхерамаш туьйсура.
Ткъа арахь октябрь лаьттара. Ткъевне, шийла, йочане. Лаьмнашка дуьллу ло а церан когашка кхаьчнера. Оцу мискачу нехан мискачу хIусамашка гIертара шийла Ia. Нах боьхна хьийзара. Йуьртахо Iедале дIа а велла, шаьш а, шайн доьзалш а таIзарх, бохамах кIелхьардаха а ца лаьара. Саламбекан а ма бу доьзал. Зуда а, кегий бераш а. Шен лаамехь, хазахета ма ца ваьллера иза обарг. Халкъана орцахваьллера. Халкъан дуьхьа хьаннашкахула, лаьмнашкахула, экха санна, кхерсташ лела. ДIатосу цхьа гIулч а, цхьа минот а тешаме йоцуш. Iедалан харцонаша, къизалло – цхьана aгIop, къелло, эшамо – вукху aгIop, ма теттина иза оцу новкъа. Саламбек церан йуьртахо, ваша хилла ма ца Ia. Иза гIалгIайн декъазчу халкъан кIант ма ву.
Амма йурт йохайахь, зударий, бераш, къенанаш, цомгашнаш, заьIапнаш йерзинчу стигал кIел буьсу. ХIокху махкахь битича а, уьш хьан тIелоцур бу? Массо а ма ву холчохь, къен, шaйн доьзалшна халла сискал тарйан гIерташ. Буса шайн бераш охьадийшо мотт-гIайба а ца тоьуш. Ткъа хIокху шийлачу Iай махках а баьхна, Сибрех дIабигахь? Берий-м хьовха, баккхийчеран а дац тIедуха а, когадуха а. Новкъахь дIакхаччалц даа йалта а. Сибрех дIа а кхачале, новкъахь лийр ду. Цигахь Ia шийла ду, боху. ДIатесначу туйна лаьтта кхачале ша а беш. Ши аьрша кIорге латта гIорадо, цкъацкъа иза аьхка а ца дастало, боху. Iай сеш, жIаьлеш салазашна а дужий, дIасалела, боху. Уьш дерриг а гина, лайна нах ма бу кхузахь. Цундела, шаьш хIун дича бакъахьа хир ду ца хууш, боьхна хьийза CaгIoпшepa нах. Саламбек Iедале дIавелча, гIалгIайн къомана а эхь хуьлу. Иза бIешерашкахь дуьйцур ду. ХIокху йуьртана неIалт а кхайкхош. КIарлагIан лам хIоттор бу. Амма йурт йагайойтийла а дац. Бехк-гуьнахь а доцу нах бойуьйтийла а, зударий, бераш Сибрех дуьгийтийла а йац. Хьанна хаьа, зударий а, бераш а мацалла дала доьлча, Саламбекана а, йуьртан тхьамданашна а неIалт кхайкхораш а бевр бу…
Йуьртан тхьамданаша шаьш цхьаьнакхеттачохь иза дийцаре дора, шаьш набарна охьабуьйшуш а, Iуьйранна самабевлча а, цуьнан ойла йора. Эххар а цара сацам бира шен а, йуьртан а кхоллам Саламбеке шегга къастабайта.