– Хьо цIахь хилла дукха хан а ма йацара, Саламбек. Лaa дуй хьо иштта сиха цIавар?
– ХIокху итт шарахь хиллачарел совдаьлла, галдаьлла хIумма а дац. Селхана йуьртан гуламехь пурстопа дина къамел а хезна, веана.
Хадижата дийцира йуьртан тхьамданаш ша йолчу бахкар а, шайн хилла къамел а.
– Чехкка гIой, Суламбек а, Арслан а схьакхайкхал, – элира Саламбека, Хадижате лерина ла а доьгIна.
– Цаьршиннах хIун до ахь?
– ГIуллакх ду. И шиъ схьавеача, хуур ду хьуна.
Ша майрачуьнца xIapa халонаш йоькъуш, ловш йелахь а, дуккха а гIуллакхашна тIехь иза шех дагавийлахь а, хеттарш деш цкъа а кIорге ца гIертара Хадижат. Дийца дезарг, дийца мегарг, нагахь санна иза шен накъостийн къайле йацахь, цуьнга ша дуьйцура Саламбека. Цундела кхин хеттарш ца деш, шен коьрта доккха, довха кортали а тиллина, иза дегIах хьарчийна, калош йуьйхина, араелира иза.
Саламбек аьрстхо вара. Аьрстхой шатайпа тукхум дара йа нохчий а, йа гIалгIай а боцуш. Церан мотт нохчийн а, гIалгIайн а шина маттана йуккъера бу, ала мегар дара, и ший а мотт шера буьйцура цара.
Нохчийн къомо иттаннаш шерашкахь шен маршонехьа тIом беш аьрстхой даим нохчашца бара, царна улло а хIиттина, церан а, шайн а йукъара маршо а, йукъара даймохк а ларбеш. Цундела 1865-чу шарахь паччахьан Iедало нохчийн уггар къармазе пхи эзар доьзал Хонкара кхалхош, цаьрца цхьаьна аьрстхой а кхалхийра. Официале хаамашца даймахкахь бисинарг бIе ткъе итт доьзал бара, уьш а, къена а, къен а, дукха бераш долуш а хиларна, битинера. ТIаьхьа дуккха а аьрстхой къайллах даймахка цIа бирзира. Уьш нохчашна а, гIалгIашна а йукъа а баьржина, царах эбелира. Цхьаболчара шаьш нохчий ду олура, кхечара гIалгIай ду олура.
Суламбек воккхахволу ваша вара Саламбекан, ткъа Арслан церан гарах стаг вара. Гергарлонна тIе даьккхича, цул гергара дуккха а шичой, маьхчой бара Саламбекан, амма Арслан бераллехь дуьйна зевелла, вешел а тешаме, майра, доьналле, оьзда доттагI вара Саламбекан. Арслан цуьнан накъост хилла обарг лелаш вацахь а, цо ларвора Саламбек, Хадижатан а, берийн а дола а дора. Цуьнгахула Саламбекана хаьара округерчу Iедало а, эскарша а дIа мел боккху ког, йамартхой, Iедалан айкхаш муьлш бу а.
Саламбек ойлане ваьлла Iаш, хьалха схьакхечира Арслан. Иза зоьрталчу дегIахь, болатан басахь йуьхь-сибат долуш, цIена ламанхойн куьцехь Саламбекан хенара стаг вара. Ши доттагI вовшашна мара а иккхина, хьал-де хоьттуш воллуш, Суламбек а схьакхечира. Хадижата сихха кхача хIоттийра царна хьалха. Чай меллачул тIаьхьа ша цIеххьана цIаваран бахьана дийцира Саламбека.
– Арслан, кхана Буру-гIала ваха веза хьо, – элира цо тIаьххьара.