Светлый фон

– ХIунда?

– Адвокат Башир волчу.

– Цуьнца хIун гIуллакх нисделла вайн?

– Инарла Михеевс гIалгIайн тхьамданашка а, ткъа пурстопа вайн йуьртахошка а дина къамелаш шу хууш ду.

– Хаьа тхуна. Иза дуьххьара а ма дац. Дийца кIордийча, совцур бу.

– ХIан-хIа, Арслан, хIинца совцур бац уьш. Iacca тIай тIехь Зеламхас динчо карзахдаьккхина Iедал. Тхоьца дерг тIаьххьара а, гуттаренна а чекхдаккха аьлла, Петарбухера омра кхаьчна Михеевга. Кхуза кхечу областашкара а эскарш даладо, боху. Йарташ йохор йу, нах, лоьцуш, Сибрех хьийсор бу. Со бахьана долуш йуьртарчу цхьана стагана, цхьана гIалгIачунна бохам хила, ца лаьа суна.

– Хьан хIун ойла йу?

– Iедална тIеваха.

– Цара вуьйр ву-кх хьо, Саламбек!

– Мацца велла а, цкъа валаза ца волу. Сан сацам хилла баьлла. Со вийча, халкъ бохамах кIелхьардер ду. Тховса дийна ву со, кхана сох хиндерг Дела воцчунна ца хаьа. Ирсе, маршоне, синтеме сатуьйсийла дIадаьлла сан. Берийн дуьхьа вехийла-м лаьара. Амма вайна луург а, вайн сатийсамаш а кхочушхуьлуш ма бац. Дала азаллехь йаздинчух кIелхьарвер вац цхьа а. Цундела сайн кхоллам Делан кхеле а биллина, Iедална тIегIyp ву со. Цхьа хIума ду суна ца дезаш. Ирх а оьллина вер. Вайна дуьйцу ма хезна, шовзткъе шийтта шо хьалха гIалгIай паччахьан Iедална дуьхьал гIевттича, церан коьртехь хилла Арчакера Чандар, МозургIеран Мохьмад, БexoгIeран Жаластукх, АшиевгIеран Башир, МугугIеран Урусби ирхъоьллира Iедало, ткъе вуьрхIитта стаг, тоьпийн чIоьраш детташ, масех бIе салтичун шина могIанна йуккъехула чекх а ваьккхина, тIаккха Сибрех вахийтира бохуш. И эхь сайна тIехь хIотто ца лаьа суна. Башир инарлина тIе а вахийтина, цуьнгара дош даккха деза, со ирхъоьллина вуьйр вац, тоьпаш а тоьхна вуьйр ву аьлла. ШолгIа, гIалгIашка Зеламха схьавоьху Iедало. Соьга а боху иза схьало. Зеламха вайн йуьртахо а, гIалгIа а вац. Шен дегIах жоп цо ша лур ду. Цунна йамартло йийр йац ас. Шайга лацалахь, Зеламха схьалаца, берта валахь, бертахь тIевалаве, ала инарле. Ас Iедална тIе гIo бохуш, дехарш дарх, Зеламхас соьга ладугIур дац. Инарле и къамел дар тIедиллахьа Баширна.

– Шаьш лецна буьгу нах новкъахь бойу цара. Вада гIоьртинера, дуьхьало йинера олий, – элира Арслана.

– ХIун башхо йу? Новкъахь вийча а, дIакхаьчча вийча а? Коьртаниг ирхцаоллар ду. Дала мукъалахь, кIилло, стешха, йамарт ца хилла со. Сайн накъосташна а, йуьртахошна а, халкъана а тешаме хилла. Сайна а, шуна а, къомана а эхь дина ца велчахьана, кхидерш цхьана а хьесапе дац.

– Айхьа бинчу некъана дохковаьлла, хьайн лаамехь тIевахча, Iедало къинхетам бан а ма мега, – маслаIате дог дехира Суламбека.