Светлый фон

– Дала кхел йиннарг хир ду. Сайн лаамехь Iедална тIевоьду со, амма айса бинчу некъана дохковаьлла ца воьду. Ас харцонна дуьхьал къийсина. Ас халкъан мостагIех бекхам эцна. Сайна ирс а, аьтто а ца лехна. ХIумма а дохко а ца ваьлла.

ТIаьххьалц цхьацца дуьйцуш Iийна Суламбек а, Арслан а кIета кхаччалц новкъа а ваьккхина, Саламбек а, Хадижат а, охьа а ца хууш, вовшашна бIаьра а догIаделла, лаьттира цхьана минотехь. Саламбека, вела а къежна, ши куьг даржийра. Хадижат, мара а кхетта, цуьнан шуьйрачу некха тIе корта а таIийна, аз ца долуьйтуш, белшаш йегош, са уьйзуш, йилхира…

 

4

 

Михеевс ирх ца олла, тоьпаш тоьхна вен дош делира Саламбекана. И дош Башира шена тIекхачийча, доьзалан а, гергарчеран а Iодика а йина, пурстопана тIеваха Саламбек араваьлча, йерриг йурт гIеттира иза новкъа ваккха. Массарна а хаьара иза шайна кхин гур воцийла. Зударий боьлхура, къонахойх цхьаберш цуьнан дог-ойла айа гIертара, вуьш бист ца хуьлуш, цунна мара а лелхаш, кортош таIабой, йуьстахбовлура.

Хала-м дера дара Саламбекана йуьртахойх къаста. ХIокху итт шарахь уьш наггахь бен ца гуш, царах къаьстана леллера иза. Оцу итт шарахь цунна цкъа а ца гина нах а бара йуьртахь. Делахь а оцу итт шарахь, тахана цагинарг кхана гур ву, олийла дара. ХIинца и дог дохийла а дIайаьллера цуьнан. Итт шарахь Iожалла лийлира цуьнан кIажаш а хьоьшуш, цунна тIаьхьайаьлла. Амма цо Iожаллина тIехь толамаш бохура. Шен де тIекхаччалц. Иза Iеминера цуьнца къийса а, ловза а. Ткъа хIинца иза гуттаренна а къаьсташ ву йуьртах а, йуьртахойх а. Велла, кешнашка дIавуьгу стаг санна. Кхана йа лама цунна тоьпаш тухур йу. Пенаца дIа а хIоттийна. Дуьхьало йойла а, кIелхьарволийла а хир дац. Йа иза гIертар а вац кIелхьарвала. ХIинца Iожалла тоьлур йу. Иза-м даим а ма тоьлла адамел. Собаре йу иза, амма шен минот тIекхаьчча, къиза ка туху. ТIаккха Саламбекан дакъа гергарчаьрга схьалур ду…

Саламбека шен герз дIаделира пурстопе. ТIаккха пурстопа шина говран гIудалкха тIехь Буру-гIала дIавигира. Инарлица барт ма-хиллара, гIоьмаш а ца тухуш, уллохь ха а доцуш. Цигахь набахти чу воьллира иза. Шакъаьсттинчу камера чу. Камерах ах лаьттан бухайахана ларма йара. ТIехула цемент хьаьхна, тIулгийн стаммий пенаш. Кхо аьрша йеакIов чоь. Цхьана маьIIехь готта, бекъа аьчган маьнга, когаш цементаца цIенкъа а къевлина. Лакхахь аьчган чIораш а лаьцна, ангали тIе модаш лацайелла готта кор. Чиркх бац. Дийнахь-буса цхьа герка Iаьржа кхаллар а, кхузза чорпа а ло. Чорпа аьлча а, жIаьло а дуур доцуш, цхьа шатайпа доьша. Иза-м камерах а, набахтин а неIарш йиллина йитича а, ха дIадаьккхича а, водур вацара. ТIаьхьа вада ма ца веанера иза шен лаамехь хIокху чу. ХIетте а, стеган коьртан локхалле терра неIарх даьккхинчу жимачу Iуьргехула сих-сиха чухьоьжура надзиратель.