Светлый фон

– ГIалагIазкхий бу кетIахь лаьтташ! – йагийча санна, мохь белира цуьнан.

Аюб аравала гIоьртича, цуьнан дегIах хьаьрчира зуда.

– Цара вуьйр ву хьо! Сан докъа тIехула бен аравер вац хьо!

Аюба шех хьаьрчинчуьра дIайаьккхира иза.

– ДIайала! Хьо хьерайаьлла? Каравахча, ирхъуллур ву цара, Саламбек санна. Дуьхьало йича, вай дерриг а дойур ду, берашца цхьаьна. КIелхьарвала хьожур ву со!

БIаьрнегIар тухучу йукъана цо ойла йира хIоьттинчу хьолан. ЦIийнан тIехьарчу пенан кор дац. Тхов тIе хьалавала меттиг а бац. ЦIенна го бина хир бу. Цхьа некъ бу цунна. НеIарехула ара а иккхина, мостагIашна йуккъехула чекхваьлла, вадар. Аюба иза къастийра. Далла тIе болх а биллина, цIеххьана неI а йиллина, топ хьала а лаьцна, араиккхира иза. Кертахь лаьтташ Кибиров а, ши гIалагIазкхи а вара.

– Саца! ТIетуху хьуна! – мохь туьйхира Кибировс.

Аюб ца сецира. Иза пурхин дохалла дIахьаьдча, араиккхира да. Цунна кхетарна кхерабелла севццехь а, уьш тоьпаш ца тухуш севцначу йукъах пайда а эцна, ведда, хьаьжкIийн дайна тIехьа иккхира Аюб. ТIаккха бешарчу дитташ тIехьа а лечкъаш, ведда, керта тIехула лулахойн беша иккхира иза. Цигахь гIалагIазкхий лаьттара, хIокхунна тIе тоьпаш а лаьцна. ХIapa ма ве, дийна схьалаца аьлла, омра хиллера а хаац цаьрга, амма тIе ца тухуш, маьхьарий хьоькхура цара. Аюб шолгIачу беша иккхича, гобаьккхина тIе герз детта долийра цунна. Аюба топ йеттара массо а aгIop. КхоалгIачу беша эккха кхиале пхьаьрсах, настарх, белшах дIаьндаргаш кхийтира, амма Дала ницкъ белла, хьалха дIауьдура Аюб. Чевнаш хилла меттигаш, йогуш, лозура, дегIаца охьа цIий оьхура. Шен берриг а ницкъ тIегулбина, пхоьалгIачу кертах иза дехьаваьлча, цунна хьалха нисвелира месала йуьхь йаьлла ши гIалагIазкхи. Аюбан некха тIе а лаьцна, цхьатерра тоьпаш туьйхира цаьршиммо.

Аюбан бIаьргаш чу бода хIоьттира, латта сетташ, хьийзаш санна, хетаделира. Дуьхьал хIуьттура шех хьерчаш зуда а, кхеравелла пурхе иккхина да а, хезира ненан Iадийна мохь а, Абубакар а…

Шаьш тоьхначух ца Iаьбначу шина гIалагIазкхичо цхьаммо коьртах, вукхо дагах тоьпаш туьйхира.

ТIаьххьара дегI озийна, дIатийра Аюб. Майра, самукъане, забаре, догцIена, куьце Аюб.

ТIаккха Аюбан герз схьа а эцна, толаме маьхьарий хьоькхуш, накъосташна тIевахара ши гIалагIазкхи…

Полковника Морганияс боккха толам баьккхира. БIe шовзткъе итт гIалагIазкхичуьнца гo бина, цхьа обарг а вийна. Оцу дийннахь Михеевга рапорт йаздира цо:

 

«Зеламхин уггар гергарчарех, майрачарех, тешамечарех цхьаъ хилла Тамаев Аюб 1 мартехь, Iуьйранна сатосучу хенахь, шен хIусамера вада гIоьртича, вийна хиларх хаам бо Хьоьга. Оцу луьрачу тасадаларехь цхьа а гIалагIазкхи ца вийна, цхьанна а чов а ца хилла. Тамаев Аюбехь № 14148 йолу трехлинейни топ карийна. Цуьнца хиллачу тIамехь шегара майралла а, даккхий хьуьнарш а гайтира ГIизлара-Гребенски полкан йолхалгIачу сотнис. Сан дехар ду Хьоьга Тамаев Аюбан топ оцу полкан музейна совгIатна дIайала суна бакъо йалар».