4
Шен дахаран хIокху тIаьххьарчу цхьайтта шарахь дуккха а бохамаш, баланаш лайнера Зеламхас. Халонаш-м хьехор а йацара. Халонаш лан кхоьллина боьрша стаг. Цхьанна тIаьххье кхин дIаволуш, деа-пхеа шарахь беллий, байъиний дIабевлира цуьнан уггаре а гергара нах. Ден да. Да а, ваша а. Ден вежарий а, шичой а. ХIинца висинарг пхийтта шо кхаьчна Бийсолта а, цхьа шича Iеламха а ву…
Иштта чIогIа ца Iеткъахь а, дагна Iеткъара накъостех къаьстича а. Царах ткъа чIирхоша вийна. Зеламхас а, цара а цхьаьний ловра обаргаллин халонаш.
Амма уггар чIогIа цунна Iаьткъинарг Саламбеках, Аюбах къастар дара. Майра, оьзда, доьналле накъостий бара уьш. Накъостий, доттагIий алар кIезиг ду. Уьш тешаме вежарий бара цуьнан. Уггар кхерамечу операцешка оцу шинца воьдура Зеламха. И шиъ шеца волуш кхерам ца гора цунна, паргIат охьавуьжура, наб кхетара. Оцу шиннах цхьа а къайле йацара цуьнан. ХIинца и шиъ вац. Зеламха куьйгаш, бIаьргаш доцуш висина. Ши тIам боцуш висина.
Накъостех а хаьдда. Доьзал а Сибрехь бу. Цкъа-шозза кехат деана, цул тIаьхьа шо кхочуш доллу цаьргара хабар доцуш. Царах хIун хилла а, ца хаьа. Дийна бу йа белла.
Областан начальникана кхерамаш тийсира цо, набахтера шен доьзал марша ца баккхахь, иза а, цуьнан йоI а, нуц а йийсаре дуьгур ду бохуш. Амма цо зударий а, бераш а пхеа шарна Сибрех бахийтина. Зеламхина ца йицъелла ша йина чIагIо. Цо кхочушйийр йу иза.
Жамаьлда цIе йолуш, ши обарг вара Зеламхица. АнагIepaн Жамаьлда а, накъосташа Пешхо олу Жамаьлда а. Цхьана хенахь Зеламхица обарг леллера и тIаьххьарниг. ТIаккха, обаргалла а дитина, машаречу дахарна тIевирзира. Ткъа xIокxy тIаьхьарчу шарахь обаргашца уьйр латтош, Зеламхица хьалхалера йукъаметтигаш карлайаха гIертара иза. Ши де хьалха Зеламха волчу веара Пешхо.
– Хьан чIагIо кхочушйан аьтто карийна суна, – элира цо векхавелла.
– ХIун чIагIо? – цецвелира Зеламха.
– Михеевн нуц йийсаре вало ахь йина чIагIо.
– Муха?
– Петарбухера йеана инженерийн комисси йара ДегIастанахь некъаш дохуш а, тодеш а бина белхаш толлуш. Цигара шайн болх чекхбаьккхина, Iаьндахула Соьлжа-ГIала йoгIyш йу иза. Цуьнца ву Михеевн нуц. Цул совнаха, белхалошна алапина арадаьккхина дуккха а ахча ду, боху, цуьнгахь.
– Маца йогIу иза кхуза?
– ХIокху беттан пхуьйтталгIачу дийнахь. Пхи де даьлча.
– Хьуна мичара хиъна иза?
– СаIидера.
– Иза мила ву?
– Веданара СаIид ца вевза хьуна? Некъийн мастер?