Амма Морганиянчул тIех жигара болх бора Зеламхин агентуро. Изза жаIуй а, нохчийн, суьйлийн йарташкахь дуккха а нах бара цунна тешаме болх беш. Iедало дIа мел баьккхинчу когах Зеламхина тIе хаамаш кхачабора цара.
Зеламхица шен хилла къамел сихха Кибировна тIе дIакхачийра Пешхос. Зеламхас комиссина кIело йийриг хиларан цхьа а тайпа шеко цахилар а хаийтира. Амма цуьнца маса стаг хир ву, ца хаьара Пешхона. Иттаннал алсам хила мега, элира.
Кибировс и хабар сихха дIакхетийра Морганияга. Зеламха а, цуьнан тоба а хIаллакйар Морганияна тIедиллинера областехь. Морганияс а, Михеевс а план хIоттийра, комиссина кIело йина Зеламха шен тобанца схьалаца йа хIаллакван, иза йовзийтира ДегIастана областан начальникана а. Гонна йуккъе хьовзийна а, дуьхьал тIелатар дина а, и план кхочушйалур йу бохург хьехочохь а дацара. Кхузахь мекарло оьшура. Ткъа иза Морганияхь оьшучул а тIех йара. План массанхьа а къобалйинчул тIаьхьа ротмистр Долидзе шена тIекхайкхира Морганияс.
– ХIокху беттан пхуьйтталгIачу дийнахь Ботлихера охьа Ведана йогIур йу инженерийн комисси. Къоьзан-Iоман районехь, Керкетехь, цунна кIело йан сацам хилла Зеламхин. Вайн агентуро оцу комиссица Михеевн нуц Шарль Акс ву аьлла цуьнга. Цул совнаха, разбойникаш сутарбаха, оцу комиссигахь дуккха ахча ду а аьлла. Ахчанан дуьхьа-м комиссина тIелетар вац Зеламха. Цуьнгахь хилар шена билггал ца хиъча – муххале а. Зеламхин коьрта Iалашо Михеевн нуц йийсаре вигар йу. Сибрехь болчу шен доьзалца иза хийца. Акс хир вац комиссица. Комисси новкъа йолуш, иза дIакъастор ву цунах. Оцу дийнахь вайн аьтто нисло Зеламхин гIера хIаллакйан. Даррехь и Iалашо кхочушйалур йац вайга. Цунна мекарло оьшу. И комисси ахь йалор йу Ботлихера охьа. Ха деш салтий хилча а, дукха адамаш хилча а, Зеламха шеквер ву. Хьоьца Дагестански полкера шийтта дошло хир ву. Шух цхьанна а тIехь тIеман духар а хир дац. Ха дац ца моттийта, тIеман духарца, герзаца говрашкахь виъ салти а хир ву. Шу кхойттанна тIехь ламанхойн духар хила деза. Герз гуш ма дита. Пайтонаш чохь дIалачкъаде. Шуна орца дезачу хенахь тIекхача кийча Котиевн, Гасаниловн сотниш, Веданара гIo а хир ду. Операци кхиамца чекхъериг хиларан цхьа а тайпа шеко йац. ГIуллакх чекхдаьлча, Ботлихера схьа Ведана телеграмма лур ахь. Дала аьтто бойла хьан!
Йиллинчу хенал ши де хьалха Ботлихера охьа Ведана богIучу некъана тIехула, Чермойн ломахь шен тобанца сецира Зеламха. Масех шо хьалха санна, аьтто бацара цуьнан дуккха а накъосташна йукъара тоьлларш къесто. Накъостий кIезиг бисинера хIинца. Iедало а, чIирхоша а байъина. Цуьнца итт накъост вара. Бийсолта а вагарвича. Ша кIелонна билгалйинчу меттигана гергахь ца сецира иза. Ткъа хIокху Чермойн ломара, Iабдуллин-дукъара дIа, керайуккъехь санна, гора Ботлихана а, Веданна а йуккъера некъ. Къоьзан-Iомана уллорчу некъан буткехь саца тарло комисси. Амма цигахь даим латтош ха ду. Зеламхас бIаьргашна тIелаьцначуьра дIа ца йоккху турмал. Нагахь санна кхечу агIорхула царна кхерам хилахь, кIур болуьйтуш, цIерш летош, хаам бийр бу жаIуьша.