Светлый фон

Газето зорбатоьхнера чIирхоша байъинчу Зеламхин накъостийн цIерш. Ширчу-Юьртарчу Гехин, Азамат-Юьртарчу Iуспин, Ишхойн-Юьртарчу Жабраилан, Эвтарарчу Висхин, Несарарчу Мусин, Мута-Iелин, Мохьмадан, АтагIарчу Эскин, Гелдаганарчу Зеламхин, Цоци-Эвларчу Оьлснукъин, Экажерчу Эдалгерин, Энгал-Юьртарчу Элахин, Селахин, ГихтIарчу Хьамзатан, Хьасанбекан, Гермачгерчу Берин, Шеларчу Абубакаран, Бийсолтин, Хорачарчу ГушмацIин, Солтамурдан, кхечеран а. Газето йаздора, Зеламха а, цуьнан накъостий а халкъан дуьхьа, къоман маршонан дуьхьа ца бевлла обаргаллин новкъа, уьш, нах байъина, чIирхойн бекхамах шайн синош довдийна лела, уьш талорхой, адамашдайархой, нохчийн а, гIалгIайн а къоман мостагIий бу бохуш.

– Цхьана aгIop, бакълоь Соип-Молла а, Iаббас-Молла а, – элира Овхьада. – Со а вац оцу обаргаший, талорхоший лелочунна реза. Цара Iедалан хьаькам, оьрси, гIалагIазкхи вийча, маситта нохчо, лоций, Сибрех вохуьйту, ткъа цара оьрсий, гIалагIазкхий талийча, царна дина зен нохчийн йарташка бIозза алсам токхуьйту. И талораш бахьанехь баккхий бохамаш хуьлу шайн доьзалшна рицкъа лаха Теркал дехьа балха баханчу мискачу нохчашна. ХIинца-м шен къизаллина и обаргаш, талорхой бехке бо Iедало. Амма и обаргаш а, талорхой а вайна йукъахь боцчу хенахь а ма хьийзийна Iедало нохчийн халкъ. Дезткъа шарахь хаддаза тIом бина Россис хIокху Нохчийчохь. Оцу тIамехь ах халкъ хIаллакдина. Мосазза а йохоза, йагоза цхьа а йурт ца йисина. Хонкара кхалхийна. Сибрехь мел хIаллакбина. ТIом боцчу, машаречу хенахь халкъехь латто Iазап. Харцонаш. Къизалла. Делахь а, оцу дерригенна а дуьхьал, маршонехьа къийсалур ма дац цхьана майраллица, герзаца, тIамца. Вай кхин некъаш лаха ма деза. Хьекъале, машаре. Соип-Моллас а, Iаббас-Моллас а аьлларг цхьана агIор нийса делахь а, вукху агIор галваьлла и шиъ. Аш схьалаьцна некъ къомана бохаме бу, аш байарх паччахьан хьаькамаш а, салтий а кхачалур бац, паччахьан Iедал а духур дац, аш оьрсашна, гIалагIазкхашна талораш дарах, бекхам а хир бац, уьш вайн махкара ара а бевр бац, аш лелориг шариIатана дуьхьал ду, и некъ дIатасахьара аш алар а ша дара. Aмма Зеламха халкъан мостагI ву, иза вийначунна, цунах халкъ маршадаьккхинчунна Делера йал хир йу бахар йамартло хета суна.

– Бакъ ду иза. И къамел Зеламхе шегга динехьара дика хир дара. Йа нохчийн цхьана гуламехь. Ткъа мостагIчун Iедалан барта, цуьнан лаам кхочушбарца шен къоман стаг сийсазвеш, цунна дуьхьалваьлларг йа кIилло, йа мостагIчунна вохкавелла хила веза.

– Зеламхе дуккха а наха баьхна, хьо бахьана а лоьцуш, Iедале нахана бохамаш ма байта. Соип-Моллас а, кхечара а. Ас а дина и къамел. Хьо маьрша вита дош а даккхий, Iедална тIе гIo. Ца гIахь а, хьаькамаш байар а, талораш дар а дита.