Светлый фон

– Дада!

– Ва, дада!

– Эвла Зеламха веана!

– Вайга вогIуш ву, боху!

– Хьо волчу!

Iела шайга хаттар дан а кхиале, тIекIел неIарх ара а иккхина, вахара ши кIант.

Геннара схьа говрийн бергийн татанаш а, летачу жIаьлин гIовгIа а хезара. Уьш тIаьхь-тIаьхьа гергагIертара. Шина кIантана цхьаъ тарделла хир ду-кх бохуш, хиъначуьра меттах а ца волуш, суьлхьанаш хьийзош Iapa Iела. Амма дукха хан йалале говрийн бергийн татанаш севцира церан кетIахь.

Аравала дагахь хьала а гIеттина, шена тIе бедарш йуха хIoьттиpa иза. Амма хIapa лелла валале керта-арахь нехан къамелаш хезира кхунна.

 

2

 

НеIарх хьалха чуваьлла Доша, Iелига салам а делла, шена тIаьхьа вогIучу хьешана некъ буьтуш, дуьхехь сецира.

– Iела, xIapa Зеламха ву. Хьо ган а лиъна, схьавеана xIapa.

Iелина тIевеара верта а кхоьллина, бIаьргаш а, мара а бен ца гуш, боьмаша башлакх хьарчийна, йуккъерчу дегIара стаг.

– Ассалам Iалайкум, суьйре дика хуьлда хьан, Iела!

– Ва Iалайкум салам, марша вогIийла хьо а, Зеламха, – куьг кховдийра Iелас.

– Маршалла хуьлда хьуна а, Iела, – шен ондачу, доккхачу шина куьйга йукъакъевлира цо Iелин куьг. – Даийта дика а долуш, Дала вон ма доуьйтийла кху хIусамашка.

– Дала могаш-маьрша, диканца дукхавахавойла хьо а. Дала йуьхьIаьржонах, йамартлонах, тешнабехках ларвойла хьо. Делахьа, ма дика ду, Доша, шу даьхкина. Же, дIайаккхалаш тIера сов-ков хIyмa. ОхI, Дала догдика де шуьшиннан…

ТIекхоьллина верта а, коьртах хьарчийна башлакх а цо дIайаьккхича, коьртера когашка кхаччалц Зеламхе бIаьрг туьйхира Iелас. Йуьхьиг охьа а йерзийна коча тесна дошлойн топ, некха тIехь морзахйохуш йихкина патармийн кхо гIап, йукъахйихкина кхелина шаьлта, ши тапча.

– ХIоккхуза валий, охьахаал, Зеламха. Товханна уллохьа. Доша, хьайна а цхьанхьа охьахуийла таръехьа. Iусман, шайн нана могаш йац аьлла йахара Медана. КIант вахийтахьа цунна тIаьхьа.