1
Баккхий бохамаш ца хуьлуш, кегийнаш собаре ловш, цхьанаэшшара дIадоьдура Гати-Юьртахь дахар. ГIалгIайн махкахь санна, луьра таIзарш ца дахь а, нах лоьцуш, йарташкахула кхерстара таIзархойн отрядаш. Цунна дуккха а бахьанаш карадора Iедална. Къаьсттана сагатдора Зеламхин тобанера обаргаш а, гIарабевлла къуй а, талорхой а схьабевллачу йартийн. ШолгIа, пачхьалкхан налогашна а, кхечу такхамашна а декхаре йолчу йартийн. Нохчмехкан йерриг йарташка кхаьчнера, Нелхе, Коке, ЦIорхе йохош, цигара бахархой Сибрех бахийтина боху хабар.
Кхо шо хьалха Зеламхас Ведана округан начальник, полковник Галаев вийча, кхузарчу йарташкара 16426 сом ахча даьккхира Зеламха а, цуьнан герггара гIоьнчий а, дийна йа байъина, Iедална тIебалийначарна дала. Ткъа хIокху шарахь бIе эзар сом даьккхира Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а латто эскарш кхаба. Цул совнаха, пачхьалкхан декхарш дIа ца текхначу, йа Iедална муьтIахь йоцчу, йа кхечу гIуллакхашца Iедална хьалха бехке хиллачу йарташка эскарш хIиттадора. Йарташа уьш кхаба дезара, царна хIусамаш а, кхача а, ткъа церан говрашна докъар а, хIоъ а латтош. TIe, уьш дIасакхалхош, царна ворданаш латто а йезара. И дерриг а маьхза, цхьа а тайпа баркалла а, пусар а доцуш.
СаьIадан а, Iабдин а, йуьртарчу кхечу хьолахойн а гIоьнца пачхьалкхан декхарех цIанбеллера гатийуьртахой. Амма Зеламхин тобанехь волу Доша а, Хьомсуркъа а йуьртахошка схьавоьхура Iедало. И шиъ схьа ца лахь, церан гергарчеран цIенош даго а, уьш доьзалшца цхьаьна Сибрех бахийта а кхерам туьйсура. Иза кхочушдан а, йуьртана таIзарна а шина баттахь гергга дошлойн эскадрон латтийра кхузахь.