– Аьрстхойн Саламбека диннарг дахьара цо.
– И ца лаьа Зеламхина. Шен ден да, да, ден вежарий, вежарий, шичой байарна Iедална огIазвахана иза. Шен дегIа чохь са мел ду, халкъан мостагIех бекхам оьцур бу ша, олу цо.
– ХIета цо а, и санначара а и шаьш схьалаьцна некъ дIа ца тасахь, вaйн халкъ даим балехь, бохамехь лаьттар ду. Иза а, важа а хилийта бахьанаш мостагIчунна дуьйлуьйту цхьаболчу нохчаша. Ткъа жимма а нохчашкара бахьана даьлча, оьрсийн Iедало вайн халкъ, бIарздой, хьийзадо.
ТIаккха цаьршиннан къамел дукха хан йоццуш Хорачахь хиллачу бохамна тIеделира. Кхабар йуьртана тIедожийна кхуза балийна гIалагIазкхий талораш дан а, зударшца эвхьазбийла а боьлча, царна дуьхьало йинера бахархоша. Церан коьртехь вара йуьртден гIоьнча Амин Товсолта. Шиний агIорхьарчара герз тоьхча, цхьа гIалагIазкхи вийнера, шинна чевнаш йинера. Амма алсам бохам хорачошна хиллера. Оцу девнехь Товсолта а, БацигIарах да а, ши кIант а, лулара жима йоI а дийнера.
– Муха ловр ду иза? – доккха садаьккхира Iелас. – Iедало халкъана тIехь цхьа къиза акхаралла лелийча, Iедална дуьхьал дерриг халкъ гIотту йа цуьнан цхьаболу кIентий гIовтту бекхам эца. Иштта, йеха цхьа зIе хилла, схьадогIу xIapa хIокху тIаьхьарчу шина бIе шарахь. Делахь а, деккъа герзаца, тIамца, майраллица толам баккхалур бац вайга.
Овхьадана чIогIа халахетара нохчийн къоман тхьамданийн барт бохар. Цуьнан дог даьллера шалха цIоганечу нохчийн хьолахойх а. Цхьана aгIop, Россин Iедалца шайн йукъаметтигаш галйаха ца лаьара хьолахошна. Петарбухехь, Москох, Ростох, Новгородехь, Харьковхь, кхечу а шахьаршкахь гIарабевллачу совдегаршца уьйраш йолчу церан шайн товараш цигахь дIадохка а, цигарнаш кхуза схьакхехьа а дезара. Россин банкашкара кредиташ а оьцура цара. Цундела Iедална хьалха къайлах цхьа цIога лестадора хьолахоша.
Вукху агIор, царна новкъа бара хIокху нохчийн мехкан дай хилла, кхузахь когаш хецна паргIатбевлла, охьахевшина оьрсийн, немцойн, англичанийн, французийн, бельгийцийн, эрмалойн хьолахой. Кхузара мехкадаьтта, заводаш, фабрикаш, банкаш, туьканаш шайн долахь хила лаьара. Цундела нохчийн хьолахоша къайлах шалха цIога лестадора Зеламхина а, Iедална реза боцчу, мелла а Iедална дуьхьал болчу муьлххачу нохчашна а хьалха.
Овхьад дIавахча, пхьуьйра ламаз а дина, вирд даккха Iела охьахиъча, «даргI-диргI» аьлла, неIарш тоьхна, вовшашна хьалхавала къуьйсуш, хьуьхьвоьлла садоьIуш, цIа чу иккхира Iусманан ши кIант. Церан йаххьаш тIехь воккхавер а, дозалла а гора. Ша-ша хьалха ала гIepташ, вовшийн дIаса а тоьттуш, шаьш деанарг цхьатерра схьаIанийра цаьршиммо: