– Муха вахана-те иза хIокху чуьра дIa? – элира Мокрицкийс, ойлане ваьлла.
– Хьанна хаьа. Сийсара дохк ма дара, бIаьрга Iоьттина пIелг гур боцуш. Цунах пайда а эцна, къайлаваьлла хир ву.
– Со цхьана хIуманах шек ву, – элира Морганияс. – Кхуза гулбеллачу нохчаша кIелхьарваьккхиний-те иза? Со реза вацара селхана а, тахана а уьш кхуза гулбаларна.
– Иза аьттехьа а дац! Вайн бIаьргашна хьалха цара кIелхьара муха воккху иза?
– Атта. Ахь и нохчо хьеха чу ваийтича, Зеламха кху чохь хилла хир ву. Зеламха хьехахь вац аьлла, цо мохь тоьхча, ткъех стаг хьеха чу хьалавелира. Вай чудаьхкича, царах дукхахберш арабевлира. Царна йукъа а кхетта, дIавахана хир ву Зеламха. Ткъа вайна цхьанна а иза йуьхь-дуьхьал ца вевза. Хьеха чу баьхкинарш а, арабевлларш а багарбан дагадеана хиллехьара, тIаккха хуур дара цаьрца Зеламха араваьлла йа ца ваьлла. Со тешна ву, Зеламха кIелхьарваккха Iалашо йолуш, схьа а гулбелла, цара и спектакль хIоттийна хиларх!
– Ахь дуьйцург гуттар а беламе ду, полковник! – ца вешира Каралов. – Нохчашна хуийла а ма дацара ас хьеха чу и стаг вохуьйтур вуйла! Суна сайна а цIеххьана дагадеара иза.
– ХIетте а, ас цхьа хьехар ло хьуна, – ца къарлора Моргания. – Айхьа хьеха чу хьажийна стаг а, тIаьхьа кху чу баьхкина нохчий а сихха дIалеца.
– Уьш хьанна карабо хIинца?
– Царах масех стаг хIинца а кху чохь ву. Уьш дIалеца, тIаккха цара буьйцур бу шайца хилларш.
Каралов Масленниковга хьаьжира.
– Морганияс ма-дийццара, хила а тарло Зеламхин кIелхьарвалар, – элира Масленниковс. – Амма и верси талла бехкенаш а, тешаш а каро беза. Цундела эрна хир дац кху чохь лаьтта масех нохчо дIалацар.
Хьеха чохь лаьтта масех нохчо дIалаца аьлла, есауле омра дира Караловс.
ХIорш хьехара охьабиссича, Караловна тIевеара эскаран старшина Яковлев.
– Хьехана тIехула бердах цIийн лараш карийна. Амма иза хьенан цIий ду, ца хаьа.
Караловс тергал ца беш битира и хаам. ХIун пайда хуьлу, баккъал а Зеламхин цIийн тIадамаш карийча а? Иза, карара а ваьлла, дIавахана хилча? ТIаккха цо ойла йира оцу цIийн лоран. Хьехара охьа тогIи чу мунда а кхоьссина, ломах хьала а ваьлла, дIаваханчух тера ду иза. Цхьанхьа ирачу тIулго куьг хадийна хир ду цуьнан. Сийсара дуькъа дохк ма дара. Дала аьтто бина цуьнан кIелхьарвала…
Каралов кхийринарг дира областан газеташа. Цара хаамаш баржийра, шайн коьртехь Ведана-округан начальник подполковник Каралов а, полковникаш Моргания, Масленников, Мокрицкий, поручик Кибиров а болуш, масех бIе пластунаша а, гIалагIазкхаша а гo бинера Зеламха чохь волчу хьехана. Кхаа дийнахь-буса гонна йуккъехь латтийна обарг, ши салти а, ши гIалагIазкхи а, цхьа стражник а вийна, ворхIанна чевнаш а йина, къайлаваьлла, ткъа Каралов а, Моргания а кхиамза иза лоьхуш ву бохуш.