– Амма Iедало шен зорбанехь ца боху хьо хьалкъан маршонехьа Iедална дуьхьал къуьйсуш ву. Хьо оьрсашна дуьхьал, оьрсийн Iедална дуьхьал ву, хьо талорхо, адамашдайархо, стешха стаг ву бохуш, кхайкхаво. Хьо цавевзарш теша оцу аьшпех, къаьсттана кхечу къаьмнех адамаш.
Зеламхин бIаьргаш цIеххьана кхоьлира. Куьйга корта а лаьцна, шен гIайгIане ши баьрг цIерга а боьгIна, вехха Iийра иза, ойла йеш. Левси санна, ийалора цуьнан шуьйра накха.
– Хаьа суна. Амма уьш цхьа а бакъ дац, – элира цо, доккха са а даьккхина. – Со а ца лела хазахеташ. Цхьа минот йац синтем болуш. Наггахь нехан хIусаме нисвелча бен, бовха кхача ца буу ас, кIедачу, бовхачу метта охьа ца вуьжу. Йисина йерриг хан, акхачу экхано санна, хьаннашкахь, лаьмнашкахь токху ас. Йерзинчу стигала кIел, Iай а, бIаьста а – массо а хенахь. Со цхьаъ хилла ца Ia иштта лелаш. Делахь а со адамашдайархо вац. Ас дойурш йамарт жIаьлеш ду, вайнах бойуш, куьйгаш а, муцIарш а цIийх йуьзна лела Iедалан хьаькамаш, церан гIоьнчий. Ас цхьа а стаг ца вийна йамартлонца. Царах бекхам эцале ас цаьрга хьалххе дIакхайкхайо сайн кхел, ахь зулам дитахь, маьрша ву хьо, ца дитахь, ас вуьйр ву хьо олий. Ас къинхетамза бойу, эскарехь гIуллакхдеш а, Iедалан гIуллакхехь а шаьш боццушехь, со лаца, со вен, Iедало сан коьртах кхайкхийна ахча эца сан лар толлуш, леларш, моттбеттарш, йамартхой. Оьрсашца, керстанашца дац сан мостагIалла. Ас цхьа а машаре керста, оьрси ца вийна. Сан тIом паччахьан Iедалца, цуьнан хьаькамашца, церан хьадалчашца, вайна тIехь хIара къизалла латточаьрца бу. Хуьлда уьш бусалбанаш, керстанаш, мунепикъаш. Хуьлда уьш оьрсий, нохчий, гуьржий, суьйлий, хIирий. Хуьлда иза сан да, ваша, кIант! Цаьрца бу сан тIом. Талорашший? ХIаъа, ас талабо нехан цIий Iуьйдуш, хьарам даьхни гулдинарш. Ас паччахьан банкаш кхоьхьу. Ас, хьоладай йийсаре а буьгий, царна тIера ахча доккху. Амма сайн карадогIучух цхьа кепек а сайна пайдехьа ца хьовзадо ас. Мискачу нахана дIадоькъу. Цхьана нохчашна, бусалбанашна декъна ца Iаш, оьрсашна а, кхечарна а доькъу. Мискачарна, вай санна ца хьегахь а, вайга гIурттуш гIело хьоьгучарна. Ткъа Iедало сан коча тоьттучу дерриг а талорашна со бехке ма вац, Iела. Ас некъахой, машаре адамаш ма ца таладо. Халкъан цIий муьйлу хьолахой бен. Банкаш, кассаш талайо. Ша Зеламха ву, шаьш Зеламхин накъостий ду бохуш, оьрсий, нохчий, кхечу къаьмнех нах талош лелаш, цхьа зуламхой бу. Царах дукхахберш Iедало арабаьхна, цуьнан бертахь лелаш а бу. Халкъана хьалха сан сий дайа, халкъ сох тешамза даккха, халкъ суна дуьхьалдаккха. Ишттачарех сайна каравеанчунна луьра таIзар до ас. Цо талийначунна тIе а вуьгий, талийнарг долчу дена йуха а дерзадойтий, цунна хьалхха, йетташ, гIибавоккху. Амма оцу зуламхошна массарна а тIе куьг ца кхочу-кх сан.