Светлый фон

– ХIинца вуй и шиъ Шуьйтахь?

– Аликсе, лаьцна, Сибрех вахийтира. Махсум вайн махкара дIаваьккхира.

– ХIета, хьуна-м мелла а хууш хилла Россехь хIоьттина хьал. Хетарехь, Россехь керла дарц дала герга ду. Паччахьна а, цуьнан Iедална а дуьхьал герзаца гIовттур ду халкъаш. Церан могIарехь хила деза вай. Мацахлера вайга керстанашна дуьхьал гIазоте кхойкху зама йац хIара. ХIинца кхета доьлла бусалба а, керста а къаьмнаш. Цapна хиъна шайн мостагI мила ву а, доттагI мила ву а. Оьрсашна, гуьржашна, кхечу керста къаьмнашна дуьхьал ойур дац вай вешан герз. Ткъа цаьрца цхьаьна, церан а, вешан а йукъарчу мостагIчунна – паччахьна, цуьнан Iедална – дуьхьал ойур ду. Церан а, вешан а маршонан дуьхьа. Оцу муьрехь шен халкъана нийса некъ гайта даккхий хьекъалш долуш, майра, оьзда, доьналле къонахий хила беза, Зеламха. Шен халкъан кхолламан бала болуш, цунах дог лозуш, халкъ а тешаш, халкъо сий а деш болу нах. Хьан сий ду, Нохчийчохь-м хьовха, ДегIастанахь, Гуьржийчохь, ХIирийчохь. Хьо а, хьо санна болу къонахий а кестта оьшур бу вайн халкъана.

Меданас доггаха хьалха биллина кхача а биъна, шаьш паргIатдевлча, хьеше гIуллакх-болх хаьттира Iелас.

– Делахьа, Iела, хьо ган лаар бен, кхин гIуллакх долуш а ца веана со-м. Наха хьо вуьйцу хезча, ган сатесира ас. Дуьне девзина, халонаш лайна, баланаш Iийшина, замано хьекъал делла стаг ву, олу хьуна наха. Хьоьгара хьехар а оьшура суна. Хьо ган а лаьара. Мел дийцича а, Шемалан бIаьхойх нах кIезиг бисина хIинца. Ахь бехк ма билла, Iела, кхечу гIайгIа-баланашна хIокху тIаьхьарчу хенахь доьзалан бала а тIекхетта суна. Доьзалан ойла йечуьра-м цкъа а ца ваьллера со хIокху цхьайтта шарахь. Иза хIокху махкахь болуш а. Хьуна хезна хила мега, стохка Сибрех бахийтина иза.

– Хезна суна. Боккха буй хьан доьзал?

– Сан хIусамнана а, пхи бер а ду. Вешех Солтамурдах йисина Зезаг а, цуьнан кIант а. Ши зуда а, йалх бер а. Ойла йехьа, Iела, генахь, пана махкахь, боьршачу нахана а халчу Сибрехь – йалх бераца ши зуда. Оьрсийн мотт а, йоза-дешар а ца хууш.

– Кехат догIий цаьргара?

– Шозза деана. Ах шо ду ца догIу.

– Мичахь бу уьш?

– Минусинск олучу меттехь. Муха мохк бу-те иза? Хьо хиллий цигахь? ЦхьакIеззигчу хенахь Сибрехь хилла со. Амма и Минусинск йуьйцу ца хезна суна.

– Со а ца хилла Минусинскехь. Цунна малхбалехьа, Нерчинскехь, йаьккхина ас сайн дукхахйолу хан. Оцу шинна йуккъехь, герггарчу хьесапехь, кхузара дIа, Хонкара санна, некъ хир бу. ТIаьххьара деаначу кехато хIyн бохура?

– Йоккхахчу йоIа йаздинера иза. Шаьш могаш а ду, цигара оьрсий чIогIа дика а бу шайца бохуш. Сох лаьцна газеташа йаздинарг доьшу, бохура, цигарчу оьрсаша. Цара шайн цIа хьошалгIа а кхойкхуш, сох лаьцна хабарш дуьйцуьйту, боху. Цхьана меташкано шайна оьрсийн йоза-дешар Iамийна, боху. Массарна а гIеххьачул оьрсийн мотт а Iемина шайна, боху.