– ХIаъа, вайна чIогIа оьшу оьрсийн мотт а, йоза-дешар хаар а. Иза ца хуу стаг хьайбанах тарло, вайн махкара араваьлча. Ткъа Iедало вайн бераш Iамо ишколаш ца йоьллу йарташкахь. Дуьненан Iилманна тIе ца кхочуьйту нохчий. Бодане стаг Iехо атта ма ду. Зуламе гIуллакх серлонгахь ца дало. Амма кIез-кIезиг вайна йукъара а буьйлу дуьненан Iилма Iамийна нах. Бакъду, уьш цхьаберш Iедало ша Iамабо. Ишттанаш, Iедалехьа а бовлий, вайн халкъана коьшкала ховшу. Даим хир дац иштта. МостагIийн карахь делахь а, Iилманах пайда хилаза дуьсур дац халкъ. Вайн халкъана дуьненан Iилма оьшу. Iедале, хьолахошка ша ца Iехадайта. Цара шена тоьхначу буржалех маршадала. Вайна бусалба динан Iилма а оьшу, садоIу хIаваъ санна. И Iилма кIорггера цахаар бахьана долуш, шариIатана йуьстахдуьйлу вай. Дала хьанал динарг а, хьарам динарг а къасто ца хаьа. И ши Iилма халкъана хаахьара, хIapa таханлера зуламаш а, бохамаш а хир бацара вайн махкахь.
Дуьйцурш ца кхачош, пхьуьйра-ламаз тIехтилийтира цаьршимма. Буьйса йуккъе йахча, ламазана хIоьттира.
– Йа АллахI, хIай веза, сийлахь, къинхетаме Дела, – доьхура Зеламхас шен доIанехь. – Нагахь Хьо резавоцург ас дагалацахь, оцу тIера сан ойла йохаелахь, сан куьйгаш, когаш йухаозалахь. Нагахь ас бакъонца дерг, Хьо реза верг дагалацахь, иза кхочушдан суна ницкъ лолахь, сан дог, куьг чIагIделахь, бIаьрг серлабаккхалахь. Йа АллахI, хIай ницкъ болу, комаьрша Дела, йамартлонах, тешнабехках, йуьхьIаьржонах ларвелахь со, сан Iожалла ийманехь йелахь. Харцонашца къуьйсуш, лаамца а, лаамаза а ас леточу къиношна суна гечделахь. Йа Аллах, хIай къинхетаме Дела, ас дIакхоьхьучу хIокху декъазчу новкъа волучух, хIокху харцдуьненахь токхучу а, ловчу а Iазапах, халонех, баланех ларвелахь бусалба а, керста а. Со бахьана долуш махкахдаьхна адамаш могаш-маьрша цIа дерзаделахь, адамашна хилла зенаш беркате меттахIиттаделахь. Беллачарна гечделахь, уьш декъалбелахь, йа АллахI, хIaй тхан сийлахь, воккха, комаьрша, къинхетаме Дела…
Мисканна дика хаьара мацца а цкъа, цхьана дийнахь йа буса, цхьаьннан йамартчу матто шена тешнабехк бийр буйла. Амма ца хаьара, и йамартхо ша тешаш волу стаг хир вуйла. Мискачу нахера Iедало дIадаьккхина берхIитта бIе туьмий, кхо бIе десятина латтий схьа а эцна, цомгаш, кIелвисина Iуьллучу шена тIе Iедалан йолахой балор буйла а, хIинцa санна, доIина куьйгаш лаьцна, Далла дуьхьалхIоьттина Iаччохь, йамартлонца шена тIехьашхула, букъах топ тухур йуйла а…
Эрна дара оцу мисканан доIанаш…
ХIокху минотехь Зеламхина ца хаьара генарчу Минусинскехь шен жима Ахьмад а, Солтамурдан Лом-Iела а велла, Беци а, Зезаг а, диъ бер мара а къуьйлуш, бIарзйелла хьийзаш хилар…