Светлый фон

Шелан йуьртдега, пурстопе кехат а йаздина, тхойша цига хьажийра Караловс. Областан а, округан а начальникаша дихкинехь а, дукха нах гулбелира дакъа схьадоккхуш. Уьш дIалахка гIиртира цига балийна дегIастанхойн дошлой. Амма нах хIора минотехь тIеттIa алсам гуллора. Цхьана нехан керта а ваьхьана, цIaнвинa, марчо а хьарчийна, бусалба динехь, нохчийн гIиллакхехь Шелан кешнашка дIавоьллира иза. Тхо а дахара кешнашна тIекхаччалц. Тхуна тIе а богIуш, наха кадам бора тхоьга:

– Дала гечдойла Зеламхина. Дала гIазот къобалдойла цуьнан! Майра, оьзда, доьналле къонах, халкъан тешаме кIант вара иза. Ишттачу къонахчун кхоам бара, шуьшиъ санна хIусамнана а, йоI а ца хилча…

 

3

 

Тхан къамел дерзош, тIаьххьара а йукъа йистхилира Энист:

– Тхан доьзалх со а, Муслимат а йисина. Тхо пхи бер дара тхан ден а, ненан а. Уггар хьалха массарал жима Ахьмад велира, тхо Сибрехь долуш. ТIаккха Мохьмад велира. Советийн Iедал тIедеанчу хьалхарчу шерашкахь Iедална герзаца дуьхьало йеш цхьа нах бара. МахкатIахь Iедална дуьхьал гIевттинчу кулакаша вийра хIетахь ЧК-н органашкахь балхахь волу Мохьмад. 1943-чу шарахь НКВД-н органашка балха вахара Iyмap-Iела. Ведана районехь НКВД-н отделан начальник волуш, 1947-чу шарахь апрелехь бандиташа йамартлонца вийра иза. Iумар-Iела чIогIа лорура Iедало. Партин райкоман бюрон член вара иза. «За оборону Кавказа», «За победу над Германией в Великой Отечественной войне» мидалш йеллера цунна. Хаси-Юьртахь цхьа урам а бу цуьнан цIарах7.

– Каш мичахь ду цуьнан? – хаьттира ас.

– Веданахь. Мохьмадана уллохь.

– Iумар-Ieлин Iожалла муха хилира?

– Нохчий махках бохуш, тхан дега болчу лерамна, тхо, цуьнан кхо бер, цIахь дитира Iедало, – дуьйцура Муслимата. – Тхайн доьзалшца сой, Энист, Iумар-Iела, тхан ден шичан Iеламхин кIант Ваха а. Iумар-Iела зуда йалоза, доьзал боцуш вара. Нохчийн халкъ махках даьккхинчул тIаьхьа Ведана лаьмнашкахь бандитийн гIеранаш йаьржинера. Царах уггар къизаниг Абаевн гIера йара. ХIетахь Ведана районехь НКВД-н начальник волуш Iумар-Iелин аьтто хилира масех бандит шайн лаамехь Iедална тIевало. Абаевс хабар тоьхнера Iyмap-Iеле, ша хьоьца къамел дан лууш ву, цхьаьнакхета меттиг а, хан а билгалйахьара аьлла. Iумар-Iела резахилира. Со йолчохь Iаш вара иза. Цхьана дийнахь суьйранна цIа веача, кхана Iуьйранна ша волчу вогIур волуш хьаша ву, Меди, цунна дика кхача кечбелахь, аьлла, соьга дехар дира цо. Иза мила ву аьлла, ас хаьттича, Абаев ву, иза ша мухха стаг велахь а, хьошалла лело ма деза, элира. Iуьйранна сатоссуш, тхан керта веара Абаев. Шен герзаца. Масех сохьтехь къамел хилира цаьршиннан. НеI а херйина, цаьршинга ладоьгIуш сан кIант Барон а, арахь кора кIел Ваха а лаьттара. Iумар-Iелаc Iедална тIевола бохура цуьнга. Абаев реза вара, нагахь ша ца вейта Iумар-Iелас дош лахь. Делкъал тIаьхьа къамел гIовгIане делира цаьршиннан. Абаевс маьттаза дешнаш кхуьйсура. Шен хаьн тIера маузер ца хьаеш, четара схьайаьккхина, Iумар-Iелина йамартлонца тапча туьйхира Абаевс. Арахь, кора кIел лаьттачу Вахас, коран ангали дохийна, чу тапча йиттира бандитана. Барон цIа чу иккхича, Абаев велла Iуьллуш, Iyмap-Iела чов хилла карийра цунна. Сихха Махачкалара уггар говза хирург валийна, операци йира, амма цунах гIо ца хилира. Цхьаъ бен жим бацара Iумар-Iелин. Цунах кхеттера дIаьндарг…8