Муслимата а, Эниста а шира суьрташ гайтира суна. Сибрехь долуш даьхнарш а. Вийна Iуьллучу Зеламхина тIехIиттина гIалагIазкхаша а, дегIастанхоша а даккхийтина маситта сурт а. Цхьанна тIехь Зезаг, Муслимат, Мохьмад, кхин цхьа йоккха стаг а йара.
– И зуда мила йу? – хаьттира ас.
– Ца йевза тхуна. Цхьанхьара йалийна, тхуна улло хIоттийнера иза.
Шаьшшиннан тIаьххьара цхьаьна даьхна суьрташ делира цара суна. Тхан цхьаьнакхетар хиллачул тIаьхьа пхийтта шарахь йехира и шиъ. Муслимат 1990-чу шеран 13-чу сентябрехь дIакхелхира, Энист – цунна тIаьххье, цхьа кIира даьлча…
***
***Луларчу къаьмнаша йоIбIаьрг санна лерина ларбо шайн историн, культурин хIолламаш. Масала, масех бIешо хьалхалера гIишлош, бахаман а, пхьоланийн а гIирсаш, герзаш, пхьегIаш, хIусамера йийбар. ХIинца, цивилизацин, электроникин заманахь а, цара дIа ца тосу бIешераш хьалхалера шайн къоман белхан шира говзаллаш. Уьш тIекхуьучу тIаьхьенашна, Iамош, дIало. ДегIастанахь дуккха а барамехь дешин-детин а, цIестан а, эчиган а, тIулган а, кхийран а пхьераш бу. Вертанаш, истангаш, кузаш деш, кхин дуккха а шира говзаллаш йолуш зударий, божарий бу. Цигахь йозанца дIайазйина йу xIopa йуьртан масех бIешеран истори. XIopa тIаьхьено лерина дIайаздо шайн заманахь оцу йуьртахь хилларш. И тептарш тIекхуьучу тIаьхьене дIало.
Шен дIадахнарг ца хуучу халкъе керланиг а, тIехиндерг а кхоллалур дац. ДIадахнарг таханенан а, кханенан а бух, орам бу. Шен исторехь хIинццалц схьа дIадахнарг лардан а, тIейогIучу заманахь шена оьшудолчун ойла йан а кIорггера кхетам ца хилла нохчийн халкъан. Цундела шен таханлерчу тIаьхьене а, тIейогIучу тIаьхьенашка а дIагайта цу лакхахь дийцинчарах цхьа а xIyма дац цуьнан. Атталла, лаьмнашкара шира бIаьвнаш а, кешнаш а ца лардо. Мелхо а, йохалург йохийна, талийна.
Къоман Iилманнa а, дешарна а, культурана а, могашалла ларйарна а, Iаламна а бIе шарахь меттахIотталур доцуш зенаш дина нохчаша хIокху тIаьхьарчу масех шарахь. Пачхьалкхан, йукъараллин долара бахамаш талийна, электросерлонан, телефонийн зIенаш йохийна. Къинхетамза хIаллакдо къоман йукъара долалла – хьаннаш, мехкадаьтта, газ, дерриг а Iалам.
ДегIастанахь шайн къоман турпалхошна, махкана, халкъана пайдехьа гIуллакхаш динчу къонахашна, Iилманчашна, йаздархошна, суьрташдахкархошна, композиторшна, илланчашна хIолламаш хIиттийна уьш бинчу йарташкахь а, республикан столицехь а.
Амма Нохчийчохь ца хIоттийна цхьанна а.
Сиржа-Эвлана уллохь, Ведана хьалабоьдучу некъана аьтту агIор, йистехь, Советийн Iедал долуш хIоттийна скульптурни хIоллам бу. Говре хи молуьйтуш, ша хи а молуш сецначу нохчочун. Скульпторо хIумма а дагахь а доцуш хIоттийна хила тарло иза, амма халкъо Зеламха ву аьлла, тIеэцнера и хIоллам. Цунна гонаха керт йара, чоьхьа хаза бай болуш. Масех шо далале йохо йолийра иза нохчаша. Охкуш, тIе цIерш йазйеш а, герзаш детташ а. ХIинца цуьнан хилла керт а йац, гонаха къух даьлла, массара а дIатесна лаьтта иза. Амма цуьнан дола дан а, сий дан а, лера а кхетам, йахь ца хили нохчийн…