Иза хIинца кхозлагIа даймахках къаьсташ вара.
Дуьххьара иза даймахках къаьсташ – вуьрхIитта шо; лаьцна, Сибрех вохуьйтуш – ткъе диъ шо хан йара цуьнан. Сибрехара цIа воьрзуш – шовзткъе диъ.
ШозлагIа лаьцна, Сибрех вохуьйтуш, кхузткъе вуьрхIитта шо дара цуьнан.
ХIинца гонаха ха а доцуш, шен лаамехь даймахках волуш – дезткъе ворхI шо.
ХIинца иза, кхин цкъа а даймахка йуха ца верза, гена новкъа велира.
Цуьнан дезткъе ворхI шо ма ду…
2
Зеламха дуьнен чуьра дIакхелхинчул тIаьхьа бIе шо гергга хан йаьллехь а, цуьнан цIе боккхачу лерамца, бовхачу безамца ларйина нохчийн халкъо. Амма цуьнан цIе иштта лоруш кхечу къаьмнех адамаш а дукха гина суна.
Киргизехь соьца болх беш вара Пантелейчук Николай. Иза колхозан коьрта бухгалтер, со – цуьнан гIоьнча. Да – молдаванин, нана оьрси йара цуьнан. Сол масех шо воккха вара иза. Жима волуш цкъа Зеламхех лаьцна кинофильм гинера цунна. Сих-сиха суна йуьйцура цо иза. Дуьненан исторехь гIарабевллачу турпалхойх цхьаъ лорура цо Зеламха.
1975-чу шарахь со волчу Мескета хьошалгIа веача, Зеламха вина йурт ган лиира Николайна. Тхойша Хорача вахара. Эвлайистехь тхойша хIоьттина лаьтташ тIевеара цхьа жима стаг. Тхойшинга хьал-де а, мичара ву а, кхуза хIунда веана а хаьттира цо. Оцу дерригенна а ас жоьпаш делча, ЗеламхагIеран цIенош хилла меттиг гайтира оцу стага. Цу меттиг тIехь цIенош дацара, гонаха керт йацара. Йуьрто дIатесна, эрна йитинера иза, цхьаммо а шен дола а ца йоккхуш.
– Зеламхин ши йоI ган лаьий шуьшинна? – хаьттира жимачу стага. – Муслиматан кIентан кIант сан доттагI ву, шуьшинна лаахь, ас Ведана Муслимат йолчу вуьгур ву шуьшиъ.
Муха ца лаьа. Зеламхин ши йоI гape ас сатуьйсу дукха хан ма йара.
Тхойша дика тIеийцира Муслимата. Сихха Энист схьа а кхайкхира. УьстагI бийна, дика шун хIоттийра. «Маршонан цIарах» романа тIера Зеламхех лаьцна корта а бешна хиллера цаьршиммо.
Цул тIаьхьа дукха хан йалале со волчу хьошалгIа веара Тифлисера сан хьаша, Iилманча-литературовед Кикнадзе Зураб Георгиевич а, цуьнца кхин цхьа Iилманча а. Хьалха тхойша цхьаьнакхетча, Зураба а дукха вуьйцура Зеламха. Оцу шинна а лиира Хорача ган. ХIинца ма-воьдду Муслимат йолчу вахара со.
Хьалха санна, Энист ша йолчу а кхайкхина, гуьржий цецбохуш, тхуна чIогIа дика хьошалла лелийра Муслимата а, Эниста а.
Шоззе а и шиъ йолчу вахча, цаьршимма дуккха а дийцира шайн дех лаьцна. Суьрташ, ширачу газетийн материалаш гайтира. Ца дийцинарш цхьадерш Гатуев Константинан книги тIера а хаьара суна. Гатуевн а хиллера цаьрца цхьаьнакхетарш.
Ссылкехь шаьш йаьккхинчу хенахь Лом-Iела а, Ахьмад а велча, шайн бIарзделла хьийзар а, цигарчу оьрсаша шайн догъэцар а дийцира. Къаьсттина бовхачу безамца йуьйцура ссылке йахийтина къона революционерка Валентина Михайловна Карташева. Цо шаьш йоза-дешарна Iамор а, шайна гIoдар а.