– Тхуна цIa дерза бакъо йелча, тхо новкъа даха йеара Валентина Михайловна. Тускарш чохь булочкаш, кхехкийна хIоаш, шура, нехча, кхин дуккха а хIуманаш йохьуш. Новкъахь эшахь а аьлла, ахча а делира цо. Тхан да вийна аьлла, газеташ тIехь дешча, тхоьга кадам беш Соьлжа-ГIала кехат даийтира цо Минусинскера схьа. Дика адам дара иза, догцIена, къинхетаме, комаьрша.
ТIаккха, Зеламха вийча, цуьнга хьовса шаьш дигар а, иза дIаволлар а дийцира Муслимата.
– Тхо Соьлжа-ГIала далийра. ЦIерпошта тIера охьадиссийча, салтийн а, жандармийн а ха хIоттийра тхуна гонаха. ХIара суьрташ хIетахь даьхна тхан. Сой, Энист къаьсттина хIоьттина йу, доьзалехь тIаьххьара йуьсур йуйла хууш санна. Йарташка даха бакъо ца лора. МирзоевгIеран цIeношкa дIатардира. ЦIеношна гонаха а ха хIоттийра. Уггар хьалха Мухтаров веара тхо долчу. Тхан ден хьаша, хьолахо, азербайджан. Мохьмад, Энист деша дIатардан лаар хаийтира цо. Тхуна дешар оьшу, бохура. Энист хIетахь цомгаш йара. Иза деша йохуьйтийла ца нисделира. Мохьмад реальни училище дIатарвира цо.
– Даа, тIедуха, кхин оьшург мичара хуьлура шуна?
– Iедало баттахь ткъе пхи сом лора тхуна. КIезиг ахча-м дара иза. Гергарчара гIo деш хене довлура. Ахьар, дама, жижиг, кIалд, кхиерш латтайора. ТIаккха оцу ткъе пхеа соьмах тхаьшна тIедуха, когадуха оьцийла а хуьлура. Генадевлла кечдала гIерташ тхо а дацара. Иштта, цхьа гIедакх дан гIертар-кх.
– Зеламха воций, муха хиира шуна?
– Оцу дийнахь цхьацца кега-мерса xIyмa эца базара йаханера со, – элира Эниста. – Цигахь дуьйцуш дара, Зеламха вийна бохуш. Йедда цIа а йеана, нене элира ас, дада вийна бохуш, дуьйцу базарахь аьлла. Нана цомгаш йара оцу деношкахь. Нана а, Зезаг а ца тешара. Бакъ хилча, газеташ тIехь хир дара иза, бохура. Мохьмада, ведда вахана, газет деара. Цу техь хIумма а дацара дадех лаьцна. Дукха хан йалале цхьа полковник веара тхо долчу. Цо дийцира тхуна, дада вийна, дакъа Шела деана, иза билггал Зеламха хилар хаа деза Iедална, нана цига дIайан йеза аьлла. Нанас, ша цомгаш йу, цига дIайалур йац, элира. Полковник, ца тешаш, хьаьжира меттахь Iуьллучу нене. ТIаккха дIа а вахана, цхьа ах сахьт далале йухавеара иза, лор а валош. Лор леррина хьаьжира нене. Ша хьаьжна ваьлча, нана цомгаш хилар чIагIдира цо. ТIаккха, Зезаге йола, элира полковнико.
Муслиматна а, Энистана а шера оьрсийн мотт хаьара. Соьга а, шина гуьржичуьнга а акцент йоцуш ца бийцалора иза, ткъа цаьршимма, цхьа а акцент йоцуш, цIена буьйцура.
– Зезаг кечъелча, со а, Мохьмад а тIаьхьахIоьттира, тхойшиъ догIу аьлла, – къамел шега дIаийцира Муслимата. – Полковнико дуьхьало ца йира. Автомобилахь Шела дигира тхо. Базаран майданахь лаьтташ дукха адамаш дара. Йарташкара нохчий, суьйлий, Соьлжа-ГIалара, станицашкара баьхкина оьрсий. Суьйлийн дошлоша а, гIалагIазкхаша а майданара дIалоьхкура нах, амма уьш йуха а цига дIагуллора. Дена тIедигира тхо кхоъ. Тишачу черта тIехь Iуьллура иза. Хьерчийна гIевланга диллина цуьнан шен тиша чоа дара. Бедарш тIехь дакъадалаза детта цIий дара. Суна ца вевзира да. Ши шо хьалха суна гинчух тера вацара. Суна тIаьххьара гинчу хенахь дегI дуьзна, йуьхь горга йара цуьнан. ХIетахь маж-мекх хуьлура доцца лергина. Ткъа суна хьалха Iуьллург кхин стаг вара. Оза, йеха йуьхь, буткъа мара, деха маж-мекх, чуэгна беснеш йолуш. Къаьсттина ца девзара куьйгаш. Тхо цо хьоьстуш, дадин куьйгаш даим кIайн, цIена, кIеда хуьлура. Ткъа суна хьалха Iуьллучун куьйгаш Iаьржа, эндаже дара.