– Шуьшиъ хIунда йеана? Зеламха вийна. ДIавоьллина. Кхойтта шарахь шу балехь латтийна цо. ЦIийнах-цIарах даьхна, Iазап хьоьгуьйтуш. Набахтешкахула, Сибрехула. Шу даккхийде дезара, шаьш цунах маршадовларна!
– Дера, оха халонаш, баланаш ма лайна. Цо а, оха а. Цунна бехке иза а, тхо а дацара. Цхьаболчу хьаькамийн харцонаша ваьккхира иза оцу новкъа. Бехке хиллехь а, тхан да ма вара иза. Шу а маршадевлла цунах. Iедална кхераме волчуьра дIаваьлла иза. Веллачуьнца хIун къуьйсур ду? Массо къоман, массо динехь гIиллакх ду велларг, цIанвой, марчо хьарчадой, йа цIена духар тIедухий, кхидерг а дой, кешнашка дIавуллуш. Ткъа тхан да уьш цхьа а ца лелош, Шелахь, салтийн говраш кхобучу божална уллохь, кхелли кхуьйсучу меттехь, цхьана мaьIIеxь лаьттах воьллина. Иза бусалба динехь, нохчийн гIиллакхехь кешнашка дIаволла лаьа тхуна.
– Шун дехар кхочушдан бакъо йац сан, – элира Степановс. – Со областан начальник ма вац. Цуьнан гIоьнча ву. Цо аьлларг дан дезаш.
Хьала а гIеттина, вист ца хуьлуш, ши куьг букъа тIехьа а лаьцна, мосазза а дIасаволавелира инарла. ТIаккха араваьлла вахана, цхьа зуда а йалош, йухавеара.
– Ольга Михайловна, xIapa шиъ Зеламхин зуда а, йоI а йу, – тхо довзийтира цо. – Ткъа xIapa областан начальникан зуда Ольга Михайловна йу.
ХIун дара а, хаац, бIаьрг ма-кхийтти, оцу зудчуьнга безам бахара сан. ТIейуьйхина, дегIа тIейуьжуш, баргIатан йеха коч, когахь оццу басахь туфлеш, кочахь дашочу зIенах тесна деган суьртехь дашо мидал йара цуьнан. Iаьржа йеха ши чIаба, хаза Iаьржа цIоцкъамаш, йехо ала мегар долуш йуьхь, халла хаалуш хьалахьаьвзина мара, ховха цIен балдаш долуш, шовзткъа шо хенара зуда йара иза. Со мара а къевлина, йилхира иза. Оьрсийн гIиллакхехь кадам а бира тхойшинга. Нохчашна моьтту, оьрсий, керстанаш берриг а къиза бу. Тхаьш Сибрех диггалц, суна а моьттура. Амма цигахь хиира суна дукхахболу оьрсий къинхетаме а, догцIена а хилар. ХIетте а инарлин зуда иштта къинхетаме хир йу, ца моьттура суна.
– Сан майра, Сергей Николаевич, цIaxь вац, – элира цо, гонаха хаза тир йаьккхина кIайн жима йовлакх бIаьргех а хьаькхна. – Суьйранна цIа кхочур ву иза. Сайн йишина а, йоIана а санна, гIо дийр ду ас шуьшинна. Тховса буьйса йоккхуш гIалахь саца, кхана Iуьйранна ас дикачу агIор кхаъ хазор бу шуна.
Буса цигахь ца йисира тхойша. Соьлжа-ГIала йухайирзира. ШолгIачу дийнахь Караловс шена тIекxaйкхира нана. Цуьнца со а йахара.
– Областан начальнико бакъо йелла Зеламхин дакъа шайна луъучу дIадолла. Aмма иза схьавоккхуш, дIавуллуш дукха адам ма гулдалийта аьлла. Шовзткъа стагал совнаха цхьа стаг а ма хилийта.