Берриг кечам хиллачул тIаьхьа, Хаси-Юьртахь резервехь шиъ ротий, йиъ йоккха топпий йитина, кхаа батальонах а, йалх йоккха тоьпах а, гIалгIазкхийн кхаа, гIумкийн цхьана сотнях а лаьтта отряд Яркхсуца хьала лам чу йолайелира.
ГІaттaм тIаьххьара а хьаьшна дIабаккха, генеральни тIелатар долош дара тахана.
Самукъане йара салтийн дог-ойла. Масех де хьалха Зандакъана таІзар дан йахана подполковникан Григорьевичан отряд цІа ма йирзинера, цигахь атталла цхьаммо а дуьхьал топ ца кхуссуш. Биллина дІа гІопан пенаш йуккъехь, плацехь йа белхаш беш, сахьийзаш хан токхучу салташна хІара шаьш схьалаьцнарг сакъера арадовлар санна гІуллакх хетара. МаьІ-маьІІера забарш, беларш хезара. Цкъацкъа хьаннаш тІехула раьгІнашца дІасадаьржара салтийн иллийн аьзнаш.
Нохчмахка a, Aьккха а, Салатаве а догIу некъаш дIакъевлинера ДегIастанарчу эскарша, Іaьнда ломахь лаьттара полковникан Накашидзен отряд. ГІойсуца хьала йаржийнера полковникийн Перликан, Тер-Асатуровн отрядаш. Доккхачу эскаран коьртехь Веданара охьавогIуш вара инарла-адъютант Свистунов.
ГІовттамхошна бовда меттиг ца йитинера цхьаннахьа а. Бутт балале, шен белшашна тIехь инарлин эполеташ гора Батьяновна. Шеко йац, и мятежникийн гIера шен коьртахошца цхьаьна цо схьалоцург хилaрaн. Амма чам бац-кх хIара толам иштта атта нисбаларан.
Шелана уллохь гIовттамхойн эшам хилла аьлла даьржича, шайн толамах дог а диллина, Салатаверий, Aьккхарий йартийн векалш баьхкира Батьянов волчу, мятежникашца шайн дозуш цхьа а тайпа хIума дац, шаьш Iедална муьтIахь ду аьлла.
Тахана отряд Aьккхахула чекхйолуш а шайн муьтIахьалла гайтира бахархоша. Нагахь полковникна иэшахь, Іaьлбаг-Хьаьжа схьалаца гIоьнна наx бала тIе а лецира. БуртIанайн пурстоьпо Дацаев Шайх-Махьмас а чІaгIдора, Салатави къарйелла сецна бохуш.
Амма отряд Зандакъа кхаьчча, Батьяновна хаамаш беара, йерриг Салатави а, тахана тийна хилла aьккхийн уггар йоккха йурт Акхташ-Эвла а гIевттина аьлла.
Батьянов шен отрядца сиxxa Кешана йухавирзира. Эпcapex дага а ваьлла, цо сацам тIеийцира, ша Нажин-Юьрта хьажийна майоран Коленкон отряд йуха а кхайкхина, берриг а ницкъашца Салатавина таІзар дан ваха.
ХIокху галдевллачу гIуллакхашна йуккъехула йочанаш а йуьйлайелира. КІудалара охьадуттуш санна, тIеIенара догIа. Лаьмнийн басеш aьхначу кIоргий хeршнаш чухула хьере охьахьаьлхира мокха Iовраш. Яркхсу дестарна кхерам бара. ТIаккха догдохийла йацара артиллери дехьайаккхаре. Byьшта а вуон ма ду кхузара некъаш. ТIeпaза йайра Iуьйранна гарнизонера арабовлуш салтийн хилла самукъане дог-ойла. Iаламе кхарстадахар санна царна хетта хIара гIуллакх жоьжахате доьрзуш доллура. XIинцале а царна йукъабаьржинера, Iаьлбаг сийсара Салатаве а веана, цигарчу гIовттамхошна коьрте хIоьттина боху хаам. Бенахь а ца хилла ма-дийццара синтеме. Цигарчу хьаннашкахь а йу, боxу, кегийра йелaхь а, гIовттамхойн масех отряд. ГIаттаман йуьххьехь шен полкера кхоъ салти нохчашкахьа вадаро а, дуккха а салтийн дог-ойла гIовттамхошкахьа хиларо а даим дIа сема хила доьзуьйтура Батьяновн. Цундела, Кешанера apaвaлaле, обозан ворданна тIе а ваьлла, салташка доцца къамел дира Батьяновс.