– ХIан, хIокху тIе хаа, – Абросимовна улло гIант теттиpa цо.
Абросимов цецвелира цунна мелла а оьрсийн мотт xаарх.
– Оьрсийн мотт хаьа хьуна? – xaьттира цо.
– Туда-суда, почом ала хаьа! – велавелира иза хьаьвзинчу мера кIелхьара Iаьржачу мекхийн йуьхьигаш а хьовзош. – Хаси-Юьрта базара воьду. ГIалгIазкхийн станице балха воьду. Цигахь кIез-мезиг Iемина.
Товханна улло охьадиллинчу цхьа мор дечигна йукъара стоммо гал схьа а хилийна, чоин тIемаш кIел хьарчош, Абросимовна улло охьахиира иза.
– Важа эпсар стенга вахана? – xaьттира цо шен хIиллане боцу Iаьржа бIаьргаш Абросимовна тIе а боьгIна.
– Салти болчу вaханa иза.
– Хьо хIунда цa вaхана?
– Со эпсар ма вац.
– Салти ву хьо?
– Салти а вац.
Къона хIусамда, цецваьлла, къаьрззина хьеше хьаьжира. Схьахетарехь, хIинцций бен цуьнан тидам ца хиллера шен оцу хьешана тIехь тIемалочун духар цахилaрaн.
– Дурной башка! – шен хьаьжа тIе куьг туьйхира цо. – Хьуна тIехь салтин, йа эпсаран духар ма дац. Цуьнан тидам ца хилла сан! XIета, тхоьгара налог йаккха йа латта дIадаккха веана хир ву хьо?
– ХIан-хIа. Иза а йа важа а дац. ДуьххьалдIа отрядца схьавеана.
– ДуьххьалдIа вархьама, цхьа а ца вогIу тхо долчу, – гIайгIане корта ластийра хIусамдас. – ХIета, тхо дойъуш, тхан цIенош дагош, йалташ дохош, тхо схьа а лоьцуш, Сибрех дуьгуш хьажа веана хир ву хьо?
Яков Степанович воxийра цо дуьххьал схьа хIоттийначу хаттаро. XIун аьлла жоп лур ду ца хиъна, корта ластийра цо.
– ЦIе хIун йу хьан? – xaьттира нохчочо.
– Яков Степанович.
Цо шозза-кхузза корта таӀийча, иза резацахилар хиира Абросимовна. ДIакхевдина, товханара дечигаш хьадина, цIе марса а йаьккхина, хьешехьа вирзира иза.
– Ши цIe xила ца йеза стеган, цхьаъ хила йеза. Цхьа цIе а, цхьа дош а. Шун ши цIе йоккхуш гIиллакх дуй, хаьа суна. Оха и ца до. Ас Яку эр ду хьох. Реза вуй хьо?