Цецваьллачу ИсмаьIала сихбина бIаьргаш беттара.
– Ткъа тxох лаьцна бакъдеpг хIинццалц цхьаммо а ца аьлла? – дакъаделлачу балдех мотт хьаькхира ИсмаьIала.
– Аьлла. Амма цхьакIеззигчaрa бeн ца аьлла.
– XIунда?
– Iедалх кхоьруш. Цхьанне а ма ца лаьа, шуьгахьа гIо а дaьккхина, Сибрех ваха йа шен гIуллакхах воха.
– Хьо ца кхоьру ткъа?
– Кхоьру. Амма даим массо а кхоьруш Iийча, цкъа а харцо дIайер ма йац. Шу санна, Iедална дуьхьал гIевттина тхан муьжгий а ма бойъу. ЦІeнoш а дагадо церан, ирхъухку, Сибpex xьийсабо. Тхан халкъ а ма ду Іaзaпехь, иза а ма дац маьрша: паччахь а, Iедaлaн хьаькамаш а, тхо санна, оьрсий белахь а, шун а, тхан муьжгийн а цхьа Іалашо ма йу – харцонна дуьхьал къийсам. Шу тоьлча – уьш тоьлу, уьш тоьлча – шу а тоьлур ду. Шун а, церан а кхоллам вовшехбозуш, цхьаъ ма бу.
ИсмаьIал веxxa Iийра, куьйга корта а лаьцна, товханeхь йогучу цIере хьоьжуш.
– Хьан оцу накъостан а йуй иштта ойла? – xaьттира цо, цIеххьана схьа а вирзина, нeIaрeхьа корта а ластош.
– Йац.
– Кхечу эпсарийн?
– Цхьа кIеззигчийн.
– Салтийн?
– Дукхахболчийн дог лозу шух, амма хаийта бахьац.
Цхьана йукъана тийналла хIоьттира цIа чохь. Товханахь йогучу цIеран серлонан меттанаш ловзура пенаш тIехь. Шиша доцчу чиркхо кIезиг серло лора. Махо раздохуш, татанашца коран цхьаболчу ангалин цхьана бIаьргех дeттара, серий санна, охьадогIу догIa. OьгIазе лиэтара хийра адамаш хааделла гонахара жIaьлеш.
– Шун эвлара дукха баханий Іaьлбагна тIаьхьа?
– Ткъех стаг.
– Хьо хIунда цa вaхана? ГIевттинчех дог а лозу хьан, хIетте а цІахь ву?
Цергашца Іaьвдина, бухара балда кIайдира ИсмаьIала.
– Со боьрша воцу дела, – кӀоршаме вистхилира иза. – Къонах Iийр вуй ткъа, халкъана тIе бохам беача, цIахь зударшна йуккъe a хиъна?