Шу даккхий дара-кх, со жима вара-кха,
Эхь-бехк хета ва суна, шу дехаре даьхкича.
ДегIаха мерзa ca aш соьга ва дехахь,
Ас шуна дIадели дегIаха мерзa ca
Дог рeзa ва дина, хIай йуьртан тхьамданаш, –
Олуш, тIеийцира цо шайн йуьртан тхьамданаш…
Балхийра тхьамданаша шайгара къа-бала. Уьш тIаьхьа а хIиттийна, вахара Адин Сурхо эла Мусостан гIалин керта. Цо эле кхетийра тхьамданийн дехар. Амма эла Mycocт оьгIазе тIекъевкъира жимачу Сурхона:
– Хьо йелла йалийла, ва Адин ва кIилло!
И ала йеана хьо, хIорш тIаьхьахIиттийна?
Сихха цIа йерзалахь, хIай Адин ва кIилло!
Ас хир ду аьллариг ва хилла ма даьлла,
Ас хир дац аьллариг ца хилла ма даьлла.
Аш сиха схьалолаш тIехь йоцу ва йасакх! –
Олуш лиэн ва ваьлча и эла ва Мусост,
ТІаккха лиэн велир, тов, и Адин ва Сурхо:
– Хьо йелла йалийла, хIай эла ва Мусост,
Дада лай хиллий-ц хьан, нана вир хиллий-ц хьан,
Хьуо а лай веца хьо, хIай эла ва Мусост!