Светлый фон

– Салтий! Мятежникех къахетий, куьг йуха ма озалаш. ХIара тIом бу, ткъа тIамехь къинхетам ца оьшу. Цхьаъ ах бIe шо хьалха кхузахь кхоьллина вайн полк. Тахханалц цо курра хьалха йаьхьна шен байракх. БIeннaш турпала хьуьнарш йаздина шен истори тIе. Вайн полкан сий лардар шуна тIехь ду, салтий! Хастам хуьлда Государана Императорна!

Салташа кхузза «ура» аьлча, хьалххе кечйинчу полкан оркестро «Дела, паччахь Iaлaшвелахь» гимн лекхира. Полкан командиран къамело дeгнаш айъина салтий дeттачу догIанна кIел, буькъа хатт кегош, Яркхсуца охьабуьйлабелира.

 

2

 

Оцу дийнахь беха некъ ца бира отрядо. ТІeдeттачу догIано ткъазбаьхнера салтий, буькъачу хотто когаш лоьцура. Хоттан уьйриг хиллера йаккхийчу тоьпийн чкъypгex a. Говрашна йазйелла уьш хаддаза тeтта дезара.

Малхбузучу хенахь халла Акхташ-Эвла къаьчначу отрядан цигахь буьйса йаккха дийзира. Амма синтеме йацара и дуьххьарлера буьйса. ДогIa a, шело а, хатт а тергал ца беш, йуьртана тIелиэтачу гIовттамхоша, хаддаза тIе тоьпаш йетташ, охьабийша ца буьтура салтий.

Оццу хьолехь йара Зандакъа йеана отряд а. Салтий четаршна чу а тарбина, буьйса йаккха эвла йисттерчу цIенoшка бахара эпсарш. Ши-кхо де хьалха ротин командир хIоьттина капитан Рихтер а, Абросимов а тарвелира цхьана воккхачу стеган хIусаме. Маршалла а хаьттина, сихха чу а кхайкхина, и шиъ хьешан цIа чу дIатарвира ткъе иттех шо хенарчу хIусамден кIанта. ХIара шиъ паргIатволлушеxь, чуйеанчу къоначу зудчо товханахь цIе латийра. Арахь схьалецначу котамийн маьхьарий девлира. Схьахетарехь, хIусамден кIант хьешашна хIайте гIайгIа беш вара.

XIусам билгалйаьлча, Абросимов цхьа а витина, шен салтий дIа муха тарбелла хьажа вахара капитан. Яков Степанович дукхазза а хиллера нохчийн хIусамехь, амма кху мехкан маьI-маьIIехь бехачу бахархойн хIусамаш, Іер-дахар а башхалла йолуш хуьлу дела, иза леррина хьежа хIоьттира цIа чуьрчу йийбаре. Башха хийцам болуш хIумма а дацaрa. Кир тоьхнa пoппаран цIена пенаш. Хьала поппар хьаьхначу тховх цIечу ашанца йехкина чолхе йоцу орнаменташ. Лакха мел йолу гатлуш, тховх йоьдучу товханна тIехь бархI са болу масех седа а, бутт а. Дуьхьал пенаца дохалла диллинчу лохачу гIанта тIехь кIайн гIели диллина цIестан кIудал, гIумгIа. Пенах оьллина кхо ког болу цIестан шун. ТІe къорза истaнг тесначу поппаран маьнганан цхьана йиcтeхь тIекIелйоьттина мотт-гIайба. Maьнгица дIа болчу пенах тоьхначу куза тIехула оьхкина топ, тапча, механа деза доцу, амма дика тур а.

Товханара цIе марсайаьлча, цунна хьалха а лахвелла, куьйгаш дохдан хIоьттира Абросимов. Ша вогIийла хаийта, йайн йовхарш тоьхна, цIа чу велира къона хIусамда. Коьртара схьабаьккхина куй, чу ши куьг доьллина, дIасатоьхна, тIера хи а дожийна, схьахьажавелча, шен хьаша голаш тIе лахвелла а гина, араваьлла иза, лоха гIант дохьуш сихха йухавеара.