Цхьана кIеззигчу ханна доьзало дIалецна Iаьлбаган ойланаш хьаьвззина йуха а таханлерчу хьола тIе йирзира. Ва Дела аьлла, нислац гIуллакхаш. Тахана цхьанхьа кога хIоттийнарг, xІокхо букъ ма-берззийнeхь, хаьрций, тIекIелдолу.
Аренца йолчу йарташца дерг а чекхдаьлла. ДегIастанах a тoxхара догдиллина Iаьлбага. Абхазойн а, санойн а гIаттаман гIуллакхаш муха ду а хаац.
ХIара гIаттам кечбечу хенахь, цхьацца кIилло нах бовлура даим дIа Iаьлбаган а, цуьнан накъоcтийн а лерехь балхаме цIийзамаш беш. ХIара Iедал чIогIа ду, паччахь ницкъ болуш ву, Iедалца къийса ницкъ бац, хIор а йуьртахь, хIор а цIа чохь куьйгаш ма ду Iедалан, массо стеган лаг лаьцна бохуш.
Паччахь шега вохалур воцийла-м Iaьлбагнa нaхaначул а дика ма хаьа. Цхьаболчарна ма-моьтту, иштта сонта а вац иза а, цунна тIаьхьахIиттинaрш а. Амма хIокху Iазапна, харцонна детта са кхачийна-кх.
Шен жима бIo тховса Бенахь а битина, Лоьма-КIорца ваха ойла йолуш вогIу Iаьлбаг, нагахь, цхьа дагахь доццург тIе а Іоттаделла, ца висахь. И сацам хилла, ара масазза ваьлла иза, амма хIоразза а аьтто нислац.
ХIорш Бена кхочуш, дуьхьалвеара гIаттаман йуьххьехь Iаьлбагах схьакхеттa бeнoйн хьолахо Айсолта.
Воккха стаг тIекхочуш, говpара охьавоьссира Іaьлбаг. Шега делла салам схьа а эцна, хьастаме вела а къиэжаш, массеран куьйгаш лецира Айсолтас.
– Марша догIийла шу, хьомсара хьеший! Вайн везачу Дала мостагІчунна тIехь толам баккха гIо долда шун!
Iаьлбаг резавацара хи санна лелачу Айсолтин мекарчу шина бIaьргана.
– ДІадуьло, – хьалхавелира Айсолта. – эхI, ма дика ду шу даьхкина! Тховса, дала мукъалахь, шортта yьстагIий а дайъина, сагIа доккхур ду вай. Шун догІмашна тIера.
Дукъан басенца хьуьна чохь йаьржинчу кху йуьртан урамаш дан а дацара. Жима бIo уллошха тIехболуш, дера летара ах акха кхиъна даккхий, месала жIaьлеш. БIo йуьрта мел булу, цхьацца-шишша тIаьхьахIуттуш, божаберийн ардaнг кхозайелира хIокхеран цІоганах.
– Керла хIун ду кхузахь? – xaьттира Iаьлбага, хабаре ваьлла Айсолта йукъах а ваьккхина.
– Керлий? ХIара ду ала, хIума дац… Солтмурд, Бенойн-Ведана вахана, цIахь вац. Сийсара сахиллалц тIом хезара ГIамар-Дукъахь. ЦІонтарой а, даьргIахой а хьуна дуьхьалбовла кечбелла, боху. БелгIатой а цаьрца бу. Селхана Элби веанера кхуза. Со хоьттуш ву, бохура, иза. Сох хIун дора-м, хаац.
– Кхузарчу нехан дог-ойла муха йу?
– Вуон йац, Iаьлбаг. Дала мукъалахь, хьуна муьтIахь бу. Хьуна тIаьхьа цIерга лелха а кийча бу. Буьйса йоккхий аш? Тховса дIадохуьйтур дац. Шортта даа а ду, охьадийша меттиг а бу. ХIей, Беччуркъа! Нах схьакхайкхал. Хьеший дIатарбан беза. Муьстарг, иттех уьстагIна урс хьакхал. Же, ма Iелаш!