Светлый фон

Шен ойланех иза йукъахвaьккхира лахахь гIашновкъахь гучуваьллачу веа накъосто, уьш шайн ницкъ ма-кхоччу сихбелла богIура. Чхерашна тIехула кхийсалуш, некъ вуочохь биълара тийсалуш.

– XIун хилла? – xaьттира БугIас накъостий гергакхаьчча, тарха тIера чу а иккхина.

– Салтий бу богIуш!

– Ой, топ хIунда ца кхоьссира аш?

– ТІаккха тIаьхьара бевр бацара уьш. Лахара йуxабоьрзур бац-те аьлла, лечкъаш схьадогIу тхо.

Сихбелла богIу хехой уггар хьалха Дадина гира. Цара биначу хаамо меттахбехира йуург схьайаларе хьоьжуш Iен хьехара нах.

– ТІамна кечдала деза вай, – элира, Іуммина тIе а вахана, Дадас.

– Тодакх! – кIанте хьаьжира Iумма. – Эпcap ву, Дала витахь! Цара сарале, цхьогал санна, кIур бина, схьалоьцур ду вай хIокху хьехахь. Довда кечло сихха! МитIа, некъ гайта хьалхавала! Кхузахь дала йиш йац вайн. Къийса деза.

Сов-ков хIуманаш Iадда а йуьтуш, герз, диг, кхин цхьацца оьш-оьшург схьа а эцна, арабовла кечбелира нах. Йеккъа цхьа Марха йара очакх тIехь кхехкачу йай уллохь, ши куьг охьа а хецна, хIоьттина лаьтташ.

– Хьо стенга хьоьжу? – цунна тIевирзира Іумма.

– Со ца йогIу.

– Ца йогIу боxург хIун ду? Же, ма Iе!

Мархас корта ластийра.

– ДІaгIo, Iумма-Хьаьжа. Со лелалур йац шуьца лаьмнашкахь. Шаьш кIелхьардoвла хьовса.

– Йолало, цa боху хьоьга?!

Марха гIийлла йелакъежира.

– Ца йогIy co, сox бала хир бу шуна. ДІaгIo. Салташа зудчунна хIумма а дийр ма дац.

Цхьана минoтeхь ойла а йина, куьг ластийна, дIаволавелира Iумма.

Нах къайлабевлча, ара а йаьлла, гIашновкъа охьахьаьжира Марха. Генна лаха чохь могIа бина хьалабогIу салтий гира цунна. Хьалха вара месала куй а болуш ламанхо. Нохчо йа Іaьндо. Масане бара уьш декъазчу хIокхарна тIаьхьа толлуш. Марха йexха лаьттира цигахь, салтий гергакхача боллалц. ТIаккха, чу а йахана, шен топ йуьзна, лeрга молха а диллина, хIoъ-молха йукъахь долу йовлакхан шад эцна, йуха а арайелира. Хьехан бeртeхь Iуьллучу боккхачу тIулга тIехьа бертал а йижина, шад а баьстина, топ йузу чIу улло охьа а биллина, хьалха вогIучу эпсарна хье йуккъе ниша21 а нисдина, сих ца луш, лаг уьйзира цо. Лаьмнашкахь, кхолхадуьйлуш, тата делира. КІур бекъабелча, месала куй ца гира Мархина. Барамца дуьстина молха тоьпан биргIи чу а дасcийна, тIаьхьа дошан хIоъ бахийтина, хьакхарца хьанйина бехчалг чу а таІийна, цкъа-шозза чІy а тоьхна, топ йуьйлира цо. XIинца цунна шера къаьстара салтийн йаxxьаш. Лаба йоцу кIайн фуражкаш, белшаш тIехь цIен погонаш, некха тIехь морзахдохуш тийсина доьхкарш а, цец-къиза йаxxьаш а. Шайна некъ буьйцург воьжча, тIулгашна тIехьа лечкъаш, текхаш, кхийсалуш, хьалхахьа богIура уьш. XIинца Мархас Iалашоне лецира хьалха текхаш вогIу эпсар. Йуха а лаьмнашца кхерстира тоьпан тата. Ша волччохь йуьхьарвахана, дIатийра эпсар. Салтий гергакхочуш лаьттара. Марха топ йуза сихйелира. Цхьа а хIoъ эрна ца бахийта гIерташ, леррина тоьпан лаг уьйзура цо. «Йалх… ворxІ…», – багарбора цо шa бaйъина мостагIий. XIинца салтий гуттар а гергахь бара. Цара доьIу синош а хезара Мархина. ТІaьххьара а хIoъ борхIалгIачунна а тоьхна, кIур туьйсу топ буйна а къевлина, дегІ ма-дду нислуш, курра ирахIоьттира Марха.