Светлый фон

Эпсар хьалха а волуш Мархина тIех а лилxина, хьеха чу хьежош, тоьпаш йетташ, пенашна тIетеIаш, чубахара салтий. Амма, цу чохь цхьа а ца карийнa, aрaлилхира уьш.

Ши бIaьрг а цIийбелла тIевеанчу эпсаро, бетах шеташ а туьйсуш, мохь хьаькхира:

– Мича дахана и жIаьлеш?

Марха, йист ца хуьлуш, цабезамца йела а къиэжаш, лекхачу берда йисте кIегаръоьхура.

– Схьалаца иза! – салташка омра дира эпсаро.

Салтий тIехьаьлхира. Амма Мархас церан куьг шена тIе ца кхачийтира. Шен топ а буйнахь йуьхьар кхоссайелла, лекхачу бердах чутилира иза…

 

4

 

ТIерга-Дукъахь говp a cацийна, оцу лакхенгара дIаса лаьмнашка бIаьрг а кхерстош, ойланийн кIоргене вахара Iаьлбаг.

ХIара беркате Iалам ду-кх нах мецачу Iожаллех кIелхьарбохург. Мацаллех-м хьовха, мостагIех а. ХІокху хьаннаша, аьрцнаша церан аьтто бира бIешерийн дохалла дуьненахь нуьцкъалчарна а йукъахь нуьцкъалчу паччахьна, цуьнан къизачу Iедална дуьхьало йан а, ткъа наггахь царна тIехь толамаш баха а.

Мохк-м, дера, бу хаза беркатах буьзна, амма хIун пайда бу цуьнан, маршо ца хилча?

Іaьлбаган хьажар эххар а Ишхойн-Лома кIел соцу. Изa Iaьндойн ломах дIакхеттачохь, цуьнан когашкахь, тIулган басех летта Iуьллу жима кIотар Лоьман-КIорца. Цигахь ду Iаьлбаган къена дай, наний, къона зудий, жима йоIIий. Бутт сов хан йу Iaьлбагна уьш ганза. ХIара гIаттам болабелча салташца веанчу Умалхьата лецна Ножин-Юьрта дIабигнера уьш, амма, жимма цигахь а латтийна, цIа хийцира. Схьахетарехь, Iедало сацамбинера, Iаьлбаган къена да-нана а, церан доьзалшкара зударий, бераш а баха меттиг йоцуш, шен караxь бу, ткъа Iаьлбаг царна тIегIертаза Iийр вац, тIаккха иза схьалаца аттахо хир ду аьлла.

Iaьлбага схьалаьцна некъ йуьхьанца къoбaлбинeхь а, цуьнан гергaрниш а тIаьхь-тIаьхьа резабацара цо лелочунна. ХIара харц ву бохург а дацара иза. ДуьххьалдIа бутт балале царна хиира кхуо лелориг эрна хилар. Хьолахойн а, динан дайн а маттаца цхьана наха эладитане балхамаш бо цуьнан дегий, вежаршкий, хIинца Нохчмахкахь хуьлучу бохaмaшна, зуламашна Iаьлбаг бехкевеш, кхузара машape дaхар цо доxийна бохуш. Даррехь схьа ца алахь а, изза ду вежарийн дагахь а. Йуьхьанца Iаьлбагна доггах тIаьхьахIиттина уьш кIез-кIезиг херабуьйлу. Цуьнца-м бу уьш. Ваша дIатасар гIиллакхехь ца хеташ. Амма, хьалха санна, доггах ца лела. ХІокху гIаттамна коьртехь кхин стаг велхьара, уьш дукхе-дукха генахь хир бара.

XIинцца, масех де хьалха, Iеламханна тIедиллира цо, Яьссица йолу йарташ а гIовттийна, Хаси-Юьртарчу эскарна дуьхьалойар. ХIан-хIа а ца элира, амма гIуллакх новкъа а цa дaьккхира.

Бакъду, шел кегийрачу кхаа вешина ала хIума дац Iаьлбаган. Iарапхас а, СултIис а, бехказлонна доцуш, са доьхккина гIуллакх до цунна. Виллина дIа цунна уллохь а ву и шиъ. Жимахволу Зеламха а тIаьхьагIерта. Амма уьш кхоъ жима ву Іaьлбаг дагавийла а, цунна гIо дан а.