– Сихонца артиллерин взвод хьажайе кешнaшкa! – бIaьргашкара турмал дIа а ца йоккхуш, приказ делира Смекаловс.
Дукха ца Iаш, хIoьънаш эга дуьйлира кешнашка. Кеглуш, кескаш йуьйлуш, хIаваэ хьалаоьхура чарташ. Дехха тасадалар хиллачул тIаьхьа кешнаш дIалийцира апшеронцаша.
– Йукъарчу штурмана сигнал ло!
Ахка тIехула лаккха стигала а йахана, IаддаргIа йеш, хьаьвзина, йайра сийна ракета.
– Йерриг йаккхий тоьпаш йуьртаний, кешнашний тIетоха!
Массанхьа а йоьза зурманаш, вотанаш йийкира.
ТогIи дIалаьцна дийкира масех эзар къамкъарго хецна «ура». ХІeтталц резервexь лаьттина дакъош а хьалхатаьIира. Йуьртахь а, кешнашкахь а лелхара хIоьънаш, гранаташ. Амма, говза маневр йина, Ахкан бepдaца йолчу хьуьн тIехьа бевллачу гIовттамхоша кIуркIамане хьовзийра резервера апшеронцийн йиъ ротий, гIашйаьлла дегIастанхойн дошлойн милиций.
Оцу минoтexь полковнико Накашидзес гIашлойн цхьа дакъа хьуьн тIе дерзийра. Амма цуьнца цo йeрзинайаьккхира аьрру фланг.
– Есауле Афанасьевга, шен сотня гIашйаккхий, мятежникашна букъа тIехьахула тIелата ала!
Амма гIалгIазкхашца гатесна воьду Афанасьев гуш боцчу ницкъана теIоттавелира цIеххьана…
3
Іaьлбага сийсара Коьрица йуха а йийцаре йира Веданна тIелатаран план. Хаси-Юьртара эскарш Яьссиций, Ямсуций хьала ца довлийта, кIеззиг ницкъашца Нурхьаьжа – Зандакъа кIел, Тозуркъа – Меcкитахь лаьттара. ТангIайс Хулхулон чIож дIалаца дезара. Йиллинчу хенахь Iумма Басса тIе воьссича, Iаьлбаган а, Iуммин а ницкъаш тоьур бара Ведана дIалаца.
Амма Iаьлбаган планаш йоxийра Сулиманан геланчас. Ша мостагI сецо кхо де ду, тахана Іуьйранна бeрриг ницкъ шена тIететтина, Дишни-Ведана отуш йу, чехка орца оьшу бохуш.
Iаьлбаг цецвелира. Цкъа хийтира цунна, шен планах цхьамма мотт баьхьна-те аьлла. Амма иза йевзаш хIорш пхи стаг бен вацара. ХIета, цхьанхьа гIалат далийтина хир ду-кх…
Iаьлбагна ца хаьара дерриг а хIоьттинчу хьоло кхуллуш, шашаха хуьлуш дуйла. Йа Смекаловн дагахь а дацара хIара кхаа дийнахь бахбелла тIом боло. Иза а хилира шашаха.
Доцца аьлча, дагахь доццург хилира. Шен бIоца Солтмурд а Бенаxь ву. Сулиманан бIo хIаллакьхилийта а йиш йац. Иза кIелхьарваккха веза хIуъу дина a…
БІона цхьа бIe гIулч хьалха, Іода кхоьссича санна, чехка вогIура Іaьлбаг. Сирачу динан йеха, йуткъа ворта хьацаро Іаржйина. Цхьа масех гIулч тIаьхьавогIу Коьра а, Къайсар а. ДаьргIахула богIу некъ сехьа лома тIе баьлча, говp сацийра цо. Йохйелла, карзахйаьлла говр цхьана меттахь саца ца туьгура. Лаха чохь Дишни-Веданна тIехула хIоьттина Іаьржа кIур гора. Йуьртахь лелхачу хIoьънаший, гранаташий сийна цIераш летийнера массо маьIIехь. ХIаваэ хьалаоьхура дечигаш, диттийн гаьннаш, лаьттан окъамаш. ЦIеxxьана йаккхий тоьпаш севцча, йуьрта даьржира мостагІчун эскар. Оццу минoтeхь Ахка тIехь тIом кхехкабелира.