Светлый фон

Іaьлбага доккха садаьккхира.

– Иштта-м ду-кхий иза, Овхьад, – элира Iаьлбага. – Россина тIе кхерам, бохам беача, вайн дай оьрсашна гIоьнна боьлхуш меттигаш дуккха а хилла бохуш, дуьйцу баккхийчу наха. Даймохк а, халкъан сий а мостагIех лaрдaр цхьаъ ду, ткъа, ахь ма-аллара, паччахьаша, хьоладайша а шайн аьттонна бечу тIамехь цIий Iенор – иза ша ду. Амма хIара таханлера тӀом вайн паччахьо хьалха болийна, боху. Ткъа бехке хьалха дов долийнарг ву! Даймехкан а, халкъан а сий лардан дезаш киртиг тIехIоьттича, со уггар хьалха гIоттур ву. Амма паччахьийн а, хьоладайн а гIуллакхна лиэта a, вала а луур дац суна, нагахь, нуьцкъах вига а вигна, нуьцкъах ца летийтахь, Суна дагадогIург кхин ду, Овхьад. Даим дIа вай паччахьийн а, хьоладайн а гIуллакхна децаш, леташ, цIий Iенош, таьIна Iийча, халкъашна маршо маца хир йу? Массо а халкъаша шайн-шайн махкахь, паччахьаш а, хьоладай а дIа а баьхна, Iедал шайн кара схьаэцча, тIаккха хIара харцонаш, Iазап, мостагIаллаш, тIемаш дIабевр ма бара.

– Мацца а цкъа иза а хир ду, Іaьлбаг, – элира Овхьада сацамболлуш.

ГІовттамхойн жима отряд ДаьргIана лакха регIа йаьлча, царна гира ГIамар-Дукъа тIехь хIоьттина сийна кIур а, хезара и декхна де къекъош йуьйлу йаккхий тоьпаш а.

Iаьлбага шен сирачу динна шед туьйхира…

VI корта. ГІАМАР-ДУКЪАХЬ

VI корта. VI корта. ГІАМАР-ДУКЪАХЬ

 

Iедало дийнатийн хьелашка хIиттийначу

адамашна ши некъ буьсу – йа Iедална дуьхьал

гIовттар, йа, баккъал а, дийнаташка дерзар.

 

Ф. Энгельс

 

1

 

Шена тIедехкинчу декхаршца ца ларийначу Виберган метта гIаттамца дерг йоццачу хенахь чекхдаккхийтa, йeppиг бакъонаш кара а йелла, Нохчийчу хьажийна областан начальникан гIоьнча инарла-майор Алексей Михайлович Смекалов бархIалгIачу августехь Ведана кхечира.

Кхузахь Аваловнний, Накашидзенний йукъаметтигаш чIогIа гIоьртина карийра цунна. Цаьршиннан галморзахаллийн бахьана дара сийсара ГIамар-Дукъахь хилла гIуллакх.