Светлый фон

XIoрaммо шена хетарг аьлча, сацам тIеийцира: Веданна ши чаккхарма уллохь болчу Iаьлбагехьа бевллачу дишношкарий, эрсаношкарий амалтана нах а баьхна, отряд Нохчмехкан кIорге йига.

 

2

 

Смекаловн план шолгIачу дийннахьехь йуьйхира. И де дайъира цо дишношца барт бан гIерташ. Цара сацамболлуш дуьхьало йира амалтана наx бала а, Iедална муьтIахь хилла, совца а.

Дарвеллачу Смекаловс суьйранна йуха а кхеташо гулйира. ХIинца цо ша волчу кхайкхира берриг а батальонийн командираш. Деха ца дуьйцуш, сацам тIеийцира тIедогIучу дийнахь Iуьйранна Дишни-Ведана йоxийна дIайаккха.

Амма хIорш дIасакъаста а кхиале. ГIамар-Дукъахь тIом кхехкабелира. Схьакхехьа болийра чевнаш хилла салтий. ТIaьххье Эрсанан отрядан начальникан майоран Явченкон геланча веара, цига хьажийна кхоъ рота гуонна йуккъexь йисина, дукъа тIехь хин тIадам а бац, салташа Iуьйранна дуьйна хин къурд ца бина аьлла.

Явченкон отряде Эртана-Коьрте йухайала аьлла, приказ а дахьийтина, и буьйса тIамна кечамбеш йаьккхира Смекаловс. Iуьйранна ворхI сахьт долуш бивакера Апшеронски, Самурски, Курински полкийн батальонаш а, гIалгIазкхийн, гIалгIайн, дегIастанхойн а дошлойн сотняш Дишни-Веданехьа дIа а хьовсийна, царна тIаьххье шен штабаца Веданах аравелира иза.

Операцина тIехь куьйгалла дан, йуьртана тIекхачале долчу Ахкан лекхачу берда тIехь йуькъачу боьлакна уллохь сeцира Смекалов. Отряд, цхьа а тайпа новкъарло ца хуьлуш, Ахках дехьайаьлча, сапаргIатделира цуьнан. Амма, эвлан йистера шолгIа боьра хадо йоьлча, отряд цIарна кIел нисйелира. Эвлан йистерчу массо цIа чуьра схьа дошан дарц дeттара.

– ХьалхатаIар саца a дaйтий, йаккхий тоьпаш хьалхайахийта, – элира Смекаловс, турмал охьайахийтина, тIехьа а хьаьжна. – Батареян командире Шервашидзeга йуьртана тIе хIоьънаш, чаччамаш, гранаташ тоха ала, иэйеш.

Ах сахьт далале йуьртана тIехула Iаьржа кIур баьржира. Сетташ, цIеран меттанаш оьхура стигала. ГІовттамхой дIатийра.

– XIинца хьалхатаIа ала отряде, – доцца приказ делира Смекаловс.

Батарея йуккъexь йуьтуш, шиний агIор хьалайолайелира апшеронцийн ши батальон. Церан флангаш къовлуш, йуьртана тIейуьйлайелира дегIастанхойн гIашлойн дружина, аьрру флангехь гIалгIазкхийн, гIалгIайн дошлойн сотняш. ГIовттамхоша шозза йухабехира бердаца хьалагIоьртина апшеронцаш. Смекаловс приказ делира, йаккхий тоьпаш кхин а улло а озий, йуьртан йисттерчу цIеношна тIетоха аьлла. Ах сахьт далале лагIйелира цигара схьайен дуьхьало. Йаккхийчу тоьпаша новкъарло йора йурт ларйархошна цхьанхьа гулбала. Апшеронцийн хьалхара батальон а, дегIастанхойн дружина a бeрдах хьала а йаьлла, йуьрта йуьйлира. Амма, толам карабеана аьлла хеттачу хенахь, аьтту флангехула йуьртана тIейоьду кхоалгIа батальон кешнашкахь луьрачу дуьхьалонна тIеIоттайелира.