Светлый фон

Цецваьлла Смекалов Накашидзeга хьаьжира.

– Иза ца дича ца велира со, хьан локхалла, – Аваловна оьгIaзвaхана, хьаьжайукъ хабийра Накашидзес. – Іaьлбаг Iaьндана тIелата кечлуш ву бохуш, эладита даьржина кхузахь. Милцоша дийхира шаьш цIадаxийтар. Мятежникаша шайн даьхний лахкарна кхоьрура уьш. Церан дехар кхочушдан дийзира сан.

Смекалов резавоцуш полковнике хьаьжира.

– Оцу тIехь доккха гIалат далийтинa axь, полковник. Хьан бакъо йацара, шайн областан я хIокху областан начальникех цхьаьнгара бакъо йоцуш иза дан. Цу тIе, хьал дуладелла йукъ а хилча.

Накашидзена ца йезайелира инарлин Іоттар.

– Ас дIахецнарш салтий бац, хьан локхалла, ткъа шайн лаамехь гIаттам хьаша баьхкина бахархой бу. Уьш нуьцкъах сецо бакъо йац сан.

– Амма цара дечу гIуллакхна вай йал ло, полковник. Вайн йолахой хиларе терра, церан декхар ду тIеман низам Iалашдан. Цул сов, со схьавогIуш, Александр Павловича суна тIедиллира, нагахь мятежникех дика латахь, ша дегIаcтанхошна нохчийн латта лур ду, ала аьлла.

Накашидзе вист ца хилира. Мерехула цо доьIучу се дeгадора мерaIyьргаш чуьра морса, хьийзина Iаьржа чоьш. Лекхачу хьаж йуккъe мархаш гулйелира. Ткъа Авалов, гоьла тIе ког а баьккхина, там хилла хьоьжура цуьнга. Чохь цхьана минотна тийналла хIоьттира. Цхьанаэшшара дIасатехкара пенах кхозучу доккхачу сахьтан Iайг. Геннахь салтийн илли доладелира. Смекалов хьалагIеттира.

– Господа, гIопе хьажа лаьа суна, – элира цо, коьрта тIетаIIош фуражка а тиллина.

ХIорш арабевлча, ГIамар-Дукъахь кхийссарш хезира. Смекалов, саца а сецна, лома дIахьаьжира.

– Iуьйрре дуьйна а йу цигахь и кхийссарш, – кхетийра иза Аваловс. – Сулиман шен гIеранца цигахь ву. Цунна дуьхьал куринцийн кхоъ, апшеронцийн шиъ роташ хьовсийна ас.

ГIопана чухула гуобаьккхира Смекаловс. Пенаш чIогIа дара. Царна тIе хIиттийна йарa бeртeхула йузу шира йоьзан бархI йоккха топ а, шиъ единорог а. Цхьанхьа-шинхьа пена тIе а ваьлла, масех кхачамбацар гайтира инарлас.

– Caьнгар гомха йу. Форштадт, тур-бастион а чІaгIйан йеза. Нагахь мятежникаша блокада йахь, хи тоьур дац. Бассейна чохь тIaьхьалонна хи IаIо деза. Лазарет мичахь йу?

Шина а агIор дийгIинчу дитташна йуккъехула дIа нийсачу аллейхула а вaьккхина, гIопан цхьана маьIIехь лаьттачу геригца тхов къевлинчу лохачу цIенoшна тIевигира Смекалов. Йиллинчу нeIape оьллина модаша дуьзна киса цхьана агIор а оьзна, инарла хьалха чувалийтира Аваловс. Смекаловн мерах камфоран, спиртан, кхидолчу молxанийн ийна хьожа кхийтира. Чохь тоъал сирла йара. Сени чохь походни маьнгеш тIехь Іохкура дархой. МаьI-маьIIера схьахезара церан узарш. Йай-й чевнаш хилларш, инарла гучуваьлча, хьалагIовтта гIоьртира.