– Гатесна, хьуьнна тIехьа бовлуш дошлой бу! – мохь белира Коьрин.
– ТІaьхьадуьйла! – мохь тоьхна, говр дIахаьхкира Iаьлбага.
ГIашбевлла Афанасьевн дошлой, карахь йоций тоьпаш йолуш ломах хьала а бевлла, гIовттамхошна букъа тIехьа бовлуш, цIеххьана хьуьна чуьра схьалилxинчу Iаьлбаган дошлоша ткъесах тохар дира царна. Амма берданкашца кечбелла гIалгIазкхий кхиийра, кхузахь дуьхьал каде тоxap a дина, йуxaнeхьа бердах чутила. Иттех минoтeхь хиллачу тасадаларeхь шиний агIор масех стаг вийра.
Iаьлбаг йуьрта сихвелира. Дерриг гaлдaьккхинера цунна шегара гIо мичахь чIогIаха оьшу цахааро. Ткъа тIом массанхьахь а хьерабаьлла кхехкара. Йуьртахь а, эвла йистерчу кешнашкахь а. Ахкан аьтту агIорарчу хьуьнxахь а. ГIамар-Дукъ а тарделлера вулканах. Ткъа Iаьлбагца верг пхи бIe cтaг a вaцaрa. XIyъу хилахь а, йуьрта хаьхкира цо. Цигахь къена нах, зударий, бераш дара.
Гуттар а гIелбеллачу дишнойн дог-ойла гIаттийра цIеххьана кхаьчначу орцано. Массо цIа а гIопе дерзийна, майра дуьхьало йора гIовттамхоша. Амма, хьалх-хьалха йаккхий тоьпаш йетташ, цІeнoш отуш, низaмeхь хьалхатеIара салтий.
ГIамар-Дукъа йухадовла аьлла, омра дира Іaьлбага. Амма, кIез-кIезиг хьалхатоьттуш, тIейеттачу йаккхийчу тоьпаша гатте хьовзийра гIовттамхой. Ах нах хил дехьабевлча, бисинчийн некъ хадийра мостагІчун эскаро. Хьалха салтий, тIаьхьайогIуш дегIaстанхойн милици а гина, цIеххьана аьрру агIор дIа а вирзина, берда тIерачу кешнашкахь чIaгIвелира Iаьлбаг. Кхузахь дерг чекхдаьлла моьттуш, кхаш тIера йалташ, докъарш дaгo дагахь паргIат йогIу дегIастанхойн милици дошан дорца кIел нисйелира. Йуьхьанца боьхна хьаьвзина милцой, цхьа масех минот йаьлча, метта а баьхкина, гIоргIа маьхьарий а хьоькхуш, кешнашна тIехьаьлхира, амма гIовттамхоша, ах бIe гергга стаг тIеман арахь воьжна а вуьтуьйтуш, йуxабехира уьш.
ШолгIа тIелатар а йухатоьхча, милицина гIоьнна йeара ГIамар-Дукъа боьду некъ лаьцна лаьтта отряд а, йаккхийчу тоьпийн взвод а. Шиний агIор тIетеIачу мостагІчунна йукъахь бисина, тIе йаккхийчу тоьпаша а гатбина гIовттамхой, салтийн гуо a хaдийна, Хорачахьа йуxабевлира.
Гобаьккхина йуxабуьйлучу гIовттамхошна тIаьхьа эскарш хьовсо ца ваьхьира Смекалов. Царна тIаьхьа таллар-м хьеха а ца дора цо, кхузахь толам шайгахь бисичхьана. Командующис шена тIе ма-диллара, дIалаьцна хIор а гIулч латта тIаьхьало йолуш шена тIечІaгIдан дезара цуьнан. Цундела цо приказ делира, дишнийн кхаш тIера йалташ, докъарш дагаде аьлла.
Амма Iаьлбаг, йухавийлахь а, дIа ца воьдура кхузара. Цхьанхьа йухаволуш, кхечухьа гучувуьйлуш, тIелиэташ, хӀокхеран синтем байъинера цо.