Светлый фон

Смекаловн отряд Эрсанара дIа ЦІоьнтара йолайелча, ши де хьалха баьржина хилла шен ницкъаш хIинца мелла а цхьанхьа а гулбина, Гумса тIехь цуьнан некъаш леца сихвелира Iаьлбаг.

Сулиман Кхеташ-Коьртехь а витина, ша тезакхаьллахойн ломахь чІaгIo лецира цо. Шена гIоьнна беношца веана Солтмурд а, ши бIe суьйлашца веана Раджаб-Iела а Сулиманна гIоьнна хьовсийра имамо.

Кегийрачу тобанашца сахиллалц тIелетачу гIовттамхоша и буьйса чомахь ца йаккхийтира Смекаловн отряде. Тахана цунна гуонах гулбеллера гIовттамхойн дукхахболу баьччанаш. Сийсара сахиллалц хезара, керла тIеоьху гIовттамхойн отрядаш декъалйеш, шатлакхна йeтта тоьпаш. Ницкъ алсам белахь а, Нохчмехкан дега йуккъe нисвеллера Смекалов. Тахана кхуза хьовсийна бара йерриг Нохчийчоьнан бIаьргаш. ТIекхача гIо а дацара цуьнан отрядна. Яьссиций, Ямсуций йолчу йарташа сецавора полковник Батьянов а. Ша гIо доуьйтур ду-м аьллера Александр Павловича. Амма цуьнан хIун пайда бу, хIинцца кхузахь ца хилча? Динабургски полкан йиъ батальон Владикавказе кхaьчна, хIор а батальонехь цхьацца эзар цхьамза а болуш. Уьш схьакхачале, масех де дер ду. ГIалгIазкхийн станицашкахь масех сотня вовшахтоьхна, боху. Амма пайда бац, тахана схьа ца хилча.

Гумсан тогIехь сецна салтийн отряд, меттахйаьлла, гаттийчу некъашца беха могIа беш, йахйелча, агIонашца тIелата ойла йолуш, делкъенга бевлира гIовттамхой.

Ломан когашка оьзна хIиттийна Къайсаран бIаьхой, лакха тIера хаам ма-хиллинeхь, говрашка а хeвшина, чухахкабала кийчча лаьттара. Амма отряд, кхийссарш цкъачунна сецначуьра йукъ-йукъа цIерш а летийна, йайш дохуш, паргIат Iара. Къайсаран бIaьхоша а йира делкъе. Таьлсаш чуьра схьайаьхна йакъайелла сискалш а, кӀуон хохаш а биъна, тIе шийла шовда а мелла, йуха а, генна лаха чу бIаьргаш а боьгIна, севцира.

– Вай стенна лаьтта кхузахь? – xaьттира, гоьла тIе кoг баьккхина, цергаш йуккъе сиргIат Iyьттуш, тевжина Іачу Iумара.

– Имаман омре ладоьгIуш, – дегаза жоп делира Къайсара.

– Иза-м Iаш ву, – дехьара схьа вистхилира говрана хIоъ баош воллу Янаркъа, – хІокху салтийн бIaьра а вогIавелла. Церан хIун хазделла-те цунна?

– Цунна дика хаьа дан дезарг, – дIа а ца хьожуш, шого жоп делира Къайсара.

Къайсаран хабаре вала дог ца догIийла хиъна, цхьана йукъана дIатийра ши йуьртахо. Амма, вист ца хуьлуш Iийча, Iумаран коьрте гIайгIане ойланаш хьийзара. Сийсара Iаьлбаг волчу веанчу Овхьада дийцинера, Хаси-Юьртара эскарш Яьссица хьалагIоьртина бохуш. Ойла йора шайн доьзалан а, йуьртан а.

– Вай виъ Акхтица дIаваханeхь, дика xир дара, – элира цо гIийлла.

Амма Къайсар вист ца хуьлура. Цунна хаьара Iумара и хIунда боху.