Светлый фон

Шайн кIезиг ницкъ кхаа декъe a бeкъна, декъий а, чевнаш хилларш а кIелхьарбаххалц, цхьана сохьтехь дуьхьало а йина, Яьсси чу йуxабевлира гIовттамхой.

 

2

 

Смекалов резавара шен гIуллакхан долaдaлaрна. Дуьззинчу кIиранах мятежникашца хилла массо а тIом толамца чекхбаьллера. ХIара кIира ша башха ма дара. Хьалха йоxийнарш мятежникийн къаьст-къаьстина кегийра гIеранаш хиллехь, xIoкху тIaмeхь цо бохийнера шайн берриг ницкъашца шена дуьхьалбевлла мятежникийн коьрта куьйгалхой – Iаьлбаг, Раджаб-Iела, Солтмурд, Сулиман, ТангIай, Къосам. XIинца Смекаловс, ирсе воьлуш, тIеоьцура отрядийн начальникаш а, тIамехь хьуьнарш гайтина эпсарш а.

– Хьан сийлалла, Александр Давидович! Къонахалла гайти хьан ламанхоша. Ткъа ахь, эла Шервашидзе, вайн артиллерига дика а, говза а болх байтира. Баркалла шуна! Семен Иванович, хьан разведко а доккха гIо дина вайн толамна. Поручик Эриванцев, ас декъалво хьо хьайн майрачу гIалгIашца! Массара а дина дика гIуллакх. Ас тахханeхь хаам бийр бу Александр Павловиче. Вай иштта гIуллакх дахь, цхьа кIира далале лар йойъур йу мятежан. Баркалла шуна!

– Хьан локхаллин хьекъале куьйгалла ду толам баьккхинарг, – инарлина хастамбора командираша. – Ахь дуьгу тхо хьалха.

– Ма дийцалаш! – там хилла, корта xьийзабора Алексей Михайловича. – Шу ца хилча, ас дан хIумма а дац. Баркалла шуна! Поручик Эриванцев, хьан сотнехь дараш дукха хиллий?

– Йалх вийна, цхьайттaнa чeвнаш хилла, хьан локхалла. Чов хилла цхьаъ, минотана а тешам боцуш, чIогIа ву.

Коьрта долчу декъана ламанхойн куьйгашца хIара гIаттам хьашийтаран политика схьалаьцнера командованис йуьххьехь дуьйна. Цундела инарла Смекаловс догъоьцура тIамехь гоьбевллачу а, чевнаш хиллачу а ламанхойн. Поручикца цхьаьна гIалгIайн сотня йолчу вахара иза. Лагерехь цхьана маьIIexь туп тоьхна Iен уьш кхоьлина карийра цунна. Ул-улло охьа а дехкина, тIе вертанаш тийсина Iуьллура йалх дакъа. ЧIогIа чевнаш йоцу итт дархо, инарла тIевеача, хьалагIеттира.

– Ховший Іe, – куьг ластийра Смекаловс. – CaдaIa.

Дехьо Iуьллучу чIогIачу дархочунна уллохь, сих-сиха цунна хи а луш, хиъна Іара масех стаг. Царах цхьаннан карахь Iуьллуpa чoв хиллачун базбелла корта.

– ЧIoгIa ву иза? – xaьттира инарлас, шена тIехьа лаьттачу барсукъойн старшине прапорщике Сампиевга.

– ЧIогIа ву, хьан локхалла. Тховса лийр ву иза. Корта лаьцна Iийриг ваша ву цуьнан. ЦІахь къена нана йу цаьршинга хьоьжуш.

Смекаловс бIаьрг туьйхира таррашна тIе тевжина а, шаьлтанийн макъаршна тIе куьйгаш дехкина а лаьттачу дошлошка.

– Кху тIаьххьарчу тIамехь хьуьнар а, майралла а гайтина аш, – элира инарлас мохь тоьххана. – Майра джигиташ ду шу! ТIaмeхь гоьбевллачарна мидалш лур йу. Ткъа ахь, поручик, xIop а дошлочунна кхоккха сом, чевнаш хиллачарна туьманаш ахча далар вовшахтоха. Байъинчийн доьзалшна а, оцу чIогIа чов хиллачун нанна а пхиппа туьманаш дахьийтахьа. Аш дина гIуллакх а, Іaнийна цIий а эрна дуьтур дац командованис. Баркалла шуна!