Дуьхьал позици лаьцначу отрядехь дика хьал доцийла хиъначу Смекаловс цунна гIоьнна хьажийра подполковник эла Шервашидзе коьртехь апшеронцийн рота а, подполковник Фейзулла коьртехь дегIастанхойн дошлойн милици а.
Йанаркъас шиний агIор тур лестадора. XIинццалц лиэтарх, шиъ вара цо вийнарг. Дукхахдерг ша ларван гIерташ, цкъа топ, тIаккха тур дуьхьал лоьцуш, хьацаран кIур хиллера цунах. Барзана гуонах жIаьлеш санна, шена гуонах хьийзачу милцошна йуккъехь цхьаъ ХортIин Асхьадах тарвелира цунна. Амма тIегIертачу ламанхоша ца витира дика хьажа, жимма Iийча, кхин цхьаъ Инарлех тера а хийтира. Уьш салташна йуккъе нисбаларх-м цецволийла а дацара цуьнан, амма уьш кхузахь хиларо цецвaьккхинера. MepaIyьргаш йекош, тIаьхьарчу когаш тIе а хуьйшуш, йухагIертара Янаркъин говр. Цуьнан лога тIехь, цIен серий хилла, Iийдалора довха цIий. Хьалхарчу аьрру кoгaнa aстaгI лелхара иза. Шен дегIачул, говран ойла йора Янаркъас. Цуьнан цхьаъ бен йоцу цхьа говр ма йара иза.
Цул сов, нохчийн вархIий дайшкара схьадогIуш гIиллакх а дара, тIамехь мостагIчун а говраш ларйеш, ткъа хIокху салташний, ламанхошний биэн йац хIуъу а, шайн синош кIелхьардевлчхьана. Нохчийн и гIиллакх хуучу салташа, шаьш гатте хьовзийча, гIаш бовлий, говрашна тIехьа а хIуьттий, тоьпаш йеттара. Хаьара, говрашна кхетарна кхоьруш, нохчаша шайна тухур йоцийла.
Деа сахьтехь дуьхьало йина, гIовттамхой, шайн байъинарш, чевнаш хилларш говраш тIе а бетташ, кӀоргачу боьрахула ДаьргIахьа йуxабевлира. И агIо мостагI воцуш маьрша йара царна. Амма хIорш шайн махка тIе бевлча, даьргIахоша цaрнa сaцамболлуш дуьхьало йира.
ДаьргIахойн дуьхьало a хaдийна, чекхвала аьтто болушшехь, стенна делахь а, бIо йухаберзийра Iаьлбага. Схьахетарехь, даим санна, нохчашна йуккъехь цIий Iанорах къехкара иза. Дог цa дуьллура иштта йарташ кхана-лама шена тIейоьрзург хиларх. Амма хIара ДаьргIа а, БелгIата а йуьххьехь дуьйна, туьран дитт хилла, дуьхьалйевллера гIовттамхошна. Iаьлбага царах къинхетам хIунда бо а ца хаьара Янаркъина.
ЦІеxxьана йухабирзина гIовттамхойн бIo, Iaьлбаг хьалха а волуш мостагІчун позицина йукъа кхоссабелира. ХIара хир ду аьлла дагахь доцу Смекалов цхьана минотана вуьйхира. Эххар а цо приказ делира, царна тIе йаккхий тоьпаш тоха аьлла.
Къора санна, тIеIенара чаччамаш. Йукъ-йукъа лелхачу гранаташа сийна цIе латайора хьалхий, тIаьхьий. Янаркъина а гуш, масех дошло вожийра шайн говрашца цхьаьна. Цунна хьалха воьду Къайсар а вацара мукъа. Шиний агIор раз вуьйлуш тур детташ, ков доккхуш, хьалха гIертара иза. ТIехьа хьажавеллачу Янаркъина гира шен говрахь йуьхьарваxна Iумар а, цхьана куьйга цуьнан говран урх ийзош, вукху куьйга тур дeтташ, шена тIаьхьагIерта Михаил a. Гуонна йукъара вала гергавахана Янаркъа доттагI кIелхьарваккха йухахьаьдира…