Светлый фон

МостагІчун могIанаш хедош, чекхбаьлла бIo дуьхьал хьуьн чохь къайлабаьлча, говран болар лагІдира Iаьлбага. Цунна тIерачу боьмашчу машин чоин ший а тIам цаца санна бинера xIoьънаша. ЦІийн хьоькхнаш йара беснеш тIехь. Йуьхь кIадйелла гора. Беккъа цхьа Iаьржа бIаьргаш богура шек а боцуш.

– Сулиманах а, Солтмурдах а дIа муха кхетар дара-те вай? – xaьттира цо, тIаьхьакхиъна, марсайаьлла говр сецо гIертачу Коьрега.

Тейеш, говран логах шозза-кхузза куьг тоьхна, схьавирзира Коьра. ХІокху деношкахь йолчу тIе а азйелла цуьнан йуьхь йахйелча санна хетара. ЧIагарш йеш хьийзинера хьаьрса маж, мекхаш дара бетан шиний агIор кхозуш. Коьра дIасахьаьжира.

– Хьуна хIун хилла? – кхеравелира Iаьлбаг, доттагІчун куьйгах цIий Iийдалуш а гина.

– Пайдабоццу чoв йу. Къайсар, хIара дIахьарчо хIума йуй хьоьгахь?

Оццу минoтeхь тIекхечира Іумар валош вогIу Михаил а, Янаркъа а. Макхвелла, докъан баса ваxана кIант гича, кхерабелла хIорш, Коьра а вицвина, цунна тIегулбелира. Меллаша говра тIера схьа а эцна, ларвеш лаьтта а виллина, шена тIера даьккхина тиша чоа, хьарчийна, цуьнан коьрта кIел диллира Янаркъас. ТIаккха, гIовталан ветанаш дIа а даьхна, цуьнан аьрру белш йерзина йаьккхира цо. Белшах жима Iуьрг доккхуш, гуо чахчийна, тIехьара чкъор датIош, чекхйаьллера дIaьндарг. Макхвеллехь а, садeттара Iумара. Цкъацкъа йуьхь чIачкъайора, цергаш вaьштатаIайой.

– Дукха лозий? – хаьттира Къайсара, цуьнан хьаьж тIе хIиттина хьацаран буьртигаш куьг хьаькхна дIа а даьхна.

– ХIан-хIа, – корта а ластийна, велакъежира кIант.

Ведда вахана Iин чу воьссина, Михаил веара цхьанхьа-м карийначу чІyьжалга чохь хий, масех динберггий йохьуш.

– Сатохалахь, – аьлла, пӀелгашца белш теллира Къайсара. – ДаьIахк дийна йу. КІедачухула баьлла xIoъ.

ТIаккха, чов а йилина, тIе динбергаш йохкуш, белш дIайихкира цо.

– Янаркъа, хьо, кIант эций, меллаша цIа гIо. Нагахь новкъахь вуон хилахь, Iаьларахь саца ший а. Хезин хьуна? Ткъа ахь сатоха, Iумар, – кIентан коьртах куьг хьаькхира Къайсара. – Масех дийнахь йоьрзур йолуш чов йу хилларг.

– Мишка вига мегий ас сайца? – дийхира Янаркъас.

– Дукха дика хир ду.

Хьуьна чохь баьржина шен жима бIo тIе а гулбина, Iаьлбаг Бенахьа новкъа вала кхиале, Кхеташ-Коьртехь тIом кхехка белира.

– XIун хуьлуш ду-те цигахь? – дIахьаьжира Iаьлбаг. – Шайна дукха зиэн ца деш, йуха мукъане а бовлахьара. Къайсар, цхьаъ вахийтахьа цига, Бенахьа йуxaдoвла алий.

…Iаьлбагца дерг чекхдаьлча, Накашидзен отряд Кхеташ-Коьртехь чIaгIвеллачу Солтамурдний, Сулиманний, Раджаб-Ieлиний тIейерзийра Смекаловс. Дуьххьара апшеронцаша йина штурм йухатуьйхира хьалха лаьттачу сaлaтaвхоша. Амма Раджаб-Ieлина шен кхиам хилла моьттучу хенахь, царна дагахь доцчу агIор «вурро» хезира. Уьш гIалгIайн лаамхой бара, гIашбевлла, аьрру флангехула тIелетта. Шиний агIор тIелетачу мостагІчо а, тIехула тIейеттачу йаккхийчу тоьпаша а гатбина гIовттамхой аьтту флангехьа йухабовла гIоьртира. Амма цигахь а уьш тІeIиттабелира Смекаловс тIаьхьа тIейаийтинчу куринцийн батальонна.