Леррина ладоьгIуш Іен Васал, цхьаъ ала ойла хилла, меттахъхьера.
– Ахь дийцарехь, аш даккхий хьуьнарш гайтина-кх цигахь.
– Цкъа а букъ-м ца гайтира.
Цигаьрка уоза ойла хилла, гIовталан кисана куьг дахийтира Васала. ТІаккха, ша маьждигна уллохь хилар дага а деана, доккха са а даьккхина, Солтхане хьаьжира.
– Дика летта, дика. Хьаха, бу майра кIентий! Цундела хьо, некха тIе ордалш оьхкина, ахчанах киса а дуьзна, ма веана цIа. ЦІахь даккхий цIенош, шортта латта, керт йуьззина даьхний ду. Хьо санна, дехаш хиллехь, тхо а гIур дара!
Нах бийлабелира.
OьгIaзвaхна вега а велла, нахана тIевогIавелира Солтха.
– Стенна доьлу шу сан къоьллех? – балдаш дегийра цуьнан. – Сайчул шун хIун ду совдаьлла? Шух цхьа а вац, зудчо йиттина шарбал йакъайаллалц, йургIанна йуккъера схьавала йиш йолуш. ХІeттe a, cox доьлу!
Амма нах боьлучуьра ца совцура.
– Цундела тxо-м, тхешан йургIанах тоьпаш а йина, цIахь Iийра!
– Хьуна а тоьллера, Iийнехь!
– Солтханна цхьа пхьарс сов ма баьллера!
Цхьа Васал вара, буьйлучеран декъа ца воьдуш, кхоьлина.
– ГIаддайна боьлу хьуна и нах, – элира цо Солтхане. – XopтIин, Товсолтин, БоргIин бераш-м, дахча, гIур а дара тIаме. Шайн долаxь вайниг санначу шина йуьртан боллучул мохк болу Момин Хьотий, Шамурзин Ботий-м хьехор а вацара вай. Хьо стенан дуьхьа ваханера, хаац-кх. Ладарш оьхуш цIийнан лаппагIа йоцург, йа даьхний, йа латта а дацара хьан. Тахана тIамехь хIаллакьхирш муьлш бу? Миска оьрсий, ламанхой, гуьржий – цхьана агIор, ткъа вукху агIop – иштта миска туркой, курдой, Iаьрбий. Ахь дозалла до айхьа байъинчу туркойх. Ткъа иштта, хьо санна, цхьа пхьарс, йа ност йоцу цхьа турко а хир ву, шa бaйъинчу оьрсех дозалла деш, цхьанхьахь маьждиган майданахь доккха хабар дуьйцуш. Амма, стенан дуьхьа, хIун къyьйсуш лиэта салтий? Царна шайна а ма ца хаьа. Шаьш-шаьш шайн даймохк вукхунах лaрбо, боху. Оьрсашна, туркошна йа цхьана а халкъана цa оьшу кхечуьнан латта. Иза паччахьашна, хьоладайшна оьшу. Церан дуьхьа, церан сий лакхадаккха, церан хьал дебо, лиэташ, хIаллакхуьлу салтий.
Наха, резахилла, кортош теIадора.
– Гой шуна, тахана Iедална дуьхьал гIевттина вай, – дуьйцура Васала. – Цадевллачу денна. Мацалло, къоьлло бIарздина. Iедало ваьшна тIехь латточу харцонна садетта ницкъ а ца кхаьчна. Вайн гIаттам хьоьшурш муьлш бу? Салт баьхна хьийзош болу, вай санна, гIийла, миска, къен ахархой бу-кх. Вайн йалташ, йарташ йагайо цара. Даьхний дIалоьхку. Ткъа шаьш и къизалла стенан дуьхьа лелайо, оцуьнан ойла ца йо. Хьалха, Шемалан заманахь, салтий доглазарца хьуьйсура ламанхошка. ХIетахь со цхьаъ ваьлла ца Iара шуьгахьа, бIeннaш салтий а бевлира. Ткъа таханлера вайн гIаттам хьошуш салтел а тIех къизалла гойту нохчаша, гIалгIаша, хIираша, дегIастанхоша, гIумкаша. Іexийна-кх. ХIара миска Солтха санна. Халкъашна йуккъe мocтaгIaллa доьллина, цаьрга вовшийн хьешийта. ХIара йерриг хьовр-зIовр йинарг цхьа кIеззиг хьоладай бу паччахьаш коьртехь а болуш. Цуьнан ойла ца йо цхьаммо а. Топ-тур даьккхина, вовшашна чугIерта.