Светлый фон

– Ас маца боьттина пуьташ? Iумара йелла суна.

Эламирза цунна тIе а къаьрзина висира.

– Хьуна хIун хилла?

– XIун хилла?

– Йуьхь йу-кх Iаржйелла, цициго мІараш тийсича санна.

– Iабдих леттерa co, – корта охьабахийтира Мохьмада.

– Оцу пелаго йиттина хьуна?

– ЧІонакъас гIодаьккхира цуьнгахьа. Суна а кхийтира.

Тапча хьалха а хьажийна, лаг уьйзира Эламирзас. Амма йа лаг а, йа зIок а меттах ца йелира.

– ДІакхоссахьа и къечIалг, – Эламирзин карара тапча схьайаьккхира Мохьмада. ТІаккха, хьала а гIеттина, бешахула дIаластийра. – Ас цIенаниг лур йу хьуна.

– Хьан шиъ йу?

– Кхоъ йу. Тхан ден хилларг а, Iумара йелларг а. Кхин тиша цхьаъ а. Лело мегаш ма йу иза. Вало, лийча воьду вайша.

Шина кIентан доттагIалла дукха жима волуш дуьйна тасаделлера. Буса вуьжуш бен дIаса а ца къаьстара. Цкъацкъа цхьаьна вуьжий а вyьсура Эсет йолчохь.

Лун-Берда кIел айма йолчу а вахана, чехкачу хи чу а кирчина, йовхачу гIамарла аркъал охьавижира и шиъ.

– Эламирза, – меллаша кхайкхира Мохьмад, йекхначу стигала а вогIавелла.

– Вай, – дегазо вистхилира доттaгI.

– ЧІонакъех бекхам эца беза ас.

– Муха? – схьавирзира Эламирза.

Мохьмад веxxa Iийра жоп ца луш.

– Ас вуьйр ву иза.