XIинца Эламирза а дIатийра.
– Велур вац. Иза воккха ма ву.
– Тапча тоьхча-м, велур ву.
– Иза а тоха ма йеза. Тапча а карахь цо улло вуьтур ма вац.
– Цхьанхьа кIело а йина, вуьйр ву. Шен кха тIе воьдуш.
– Цул ХортIина диннарг дича?
Цхьа кIира хьалха буьйсанна, дукъа а ваьлла, ХортIин кIен paгI йагийнера шина кIанта. Дарвеллачу ХортIас дукха лийхира бехкениг. Амма ца карийра.
– PaгI йагайарх декхалур дац тахана цо суна йeттар. ЦІeнoш дагийча-м, цхьа хIума а дара.
– Цкъачунна paгI йагор вайша.
– Ахь-м йац.
Цецваьлла Эламирза кхоссавелла охьахиира.
– Сох ца теша хьо?
– Теша. Гучувалахь, Аьрсамирзина бохам хир бу.
– Хьо?
– Сан да вац. – Мохьмада доккха сaдaьккхира. – Нанна хIумма а дийр дац Iедало.
Эламирза, коьрта кIел куьйгаш дохкуш, йуха а аркъал охьавижира.
– XIета, со доттагI ца хета-кх хьуна…
– Хьо ца вуьйцу ас. Хьан да вуьйцу. Иза лацахь, аш хIун дан деза? Йалх бepo…
– Ас ЧIонакъин paгI ца йагийча а, лоцур ма ву сан да. Йа тIамехь вуьйр ву, ца вуьйш висахь, Сибрех вохуьйтур ву. Хьуна-м, тIара тохар бeн, хIумма а ца дина ЧIонакъас. Тхан цIенош дагош, салташна хьалхаваьлла веанарг иза вара. ЧІонакъех бекхам эцна Iийр вац со: Товсолтех а, Пантех а, Инарлex а оьцур бу. РоггIана. Маца воьду вайша дукъа?
– Ойла а йина.