Светлый фон

– Iумар муха Іа?

– ГIоли йу цунна-м.

ЦIеxxьана стигал кхола йуьйлира. Бердан лакхенгахь маьхьарий хьоькху мерцхалдигаш харанaшка лечкъа дуьйлира.

– ДогIа делха доллу, – элира Мохьмада, къилбехьа а хьаьжна. – ЦІa гIой вайша?

Жимма хи чу а кирчина, хьалаваьлла ши кIант бедарш тIейуха хIоьттира. Ма-аьлла тIе ца йоьлхура бедарш. Эламирзас хечи чу боьллина ког гола баьттIачухула арабелира. Мохьмадан куьйгаш а ца доьлхура пхьуьйша чухула дIа. Беламна санна, пхьуьйшаш эттIачухула чекхдуьйлура уьш а.

– Акхтин бIона тIаьхьа гIой вайша? – элира Эламирзас, хечин дехачу хуьнжарх къевллина шалха шад а беш.

– ДIавала! Вайша вуьту цара шайца? Iaьлбаг волчу вахча-м, цхьа хIума а дара.

– Цуьнца а ву-кх Къайсар а, Коьра а. Iумма волчу вахча?

– Генаxь ву иза. Цабевзачара кхин а сиха эккхор ву.

Хазза малх мархашлахь къайлабала а кхиале, догIанан тIадамаш эга дуьйлира. ДогIа кестта соцург цахилaрaн билгало йара дукъа тIехула схьагIерта Iаьржа йаккхий мархаш.

– Тховса гIуллакх хир дац вайшиннан.

– Стенах?

– PaгI йагорах. Дика йогур ма йац иза.

– Кхана сараxь йаго ца мега?

– Дера, мега лама а-м. Цo арале, кхиийчхьана. XIинца чехка цIехьа йум йан йеза. Лам тIехь догIа дилхинeхь, дистина догIур ду Яьсси.

Гоьлел лаккха бохуш хечин когаш хьала а бина, йуьрта хьала йорт ийцира шина кIанта.

 

3

 

Гатийуьртахойн маьждиг дина дукха хан йац. ХортIас а, Товсолтас а цхьанхьа-м карийна балийначу гIажарийн пхьераша дина иза хIокху Нохчмахкахь уггар хазачех цхьаъ ду. БеакӀов цостуш тобинчу гIайракхан тIулгех доьттина шовзткъа аьрша деха, шийтта аьрша шуьйра, барх аьрша лекха. Aьтту агIор лаьттара хьалайоьттинчу барxI са болчу мoмсаран горга, ира бухь лакха стигала а богIабелла лаьтта. Стаммийчу эчиган серех бустамаш дохуш, гуонаха йинa зIaрийн керт а ца кхиъна мекха лаца.