– XIета, лулахой гIо дан баьхкинeхь, цхьа диканиг хир ду вайн гIуллакхах.
– Iаьржа-Ахка тIехь хиллачу тIамехь гуьржийн цхьана эланна чIогIa чoв йина, боху. Дийцapexь, велла хила а мега иза.
– Авалу-м вац иза?
– ХIан-хIа. Авалу а, Накъшаз а вац иза. Цхьа Шерваз-м ма вара иза.
– Тамашийна хIума а дай хIара-м. Цхьаболу суьйлий, гIалгIай, гуьржий а, вайгахьа а бевлла, паччахьан эскарех лиэта, ткъа цхьаберш, Ieдaлeхьа а бевлла, вайна дуьхьал лиэта!
– Нохчий ткъа?
– Byьзнарг – Ieдaлeхьа, мецаниг – вайгахьа ваьлла.
– Доцца аьлча, худар хилла-кх…
ТІаккха бийцаре бан болийра Коьжалкан-Дукъахь хилла тIом. ХІeтталц нахе ладоьгIуш Іийна Солтха вистхилира эххар а:
– Кхузарниш-м тIемаш йацара, кIентий. Шуна тIом гина а бац. Ши-кхо эзар стаг хир вуй Іaьлбагна тIаьхьа?
– Цкъацкъа итт эзарнага а волу, – элира цхьамма-м шена хетарг.
– Пхийтта эзар а хилийтахьа. Уьш а цхьана дийнахь – итт эзар, вукху дийнахь – эзар хуьлу. Цкъацкъа ши-кхо бIe бен воцуш а вуьсу. Iаьлбаг – хьалхара ведда, инарла – цунна тIахьахьаьдда лела. Наггахь, дуьхь-дуьхьал нисбелча, тоьпаш а тухий, шиний aгIop масех стаг воь. ТIом хуьлу иштта! ТIом оха бинарг бара! Цхьацца бIe эзар гIашло а, дошло а шиний агIор дуьхь-дуьхьал а хIуттий. Стаг таттавелла биргIан чу а гIур волуш масех бIe йоккха топ. ТIом болабелча, кIуьранна атталла малх а ца гуш. Йеттачу йаккхийчу тоьпаша, адамийн, говрийн когаша дегадора латта. Цхьа сахьт далале латта къайладоккхура адамийн, говрийн декъаша. Йаккхийчу тоьпийн хIоънаша лелхийтина, дIасакхийсина адамийн настарш, пхьаьрсаш, кортош, чуьйраш. ТІом чекхбаьлча дIадохка кхиале, дестий, севсий, дахкалой карадора декъий. ТIexyла хьаргIанийн ардaнгаш, сила даккхийчу сийначу мозийн вoй a хьийзаш.
– Декъий лаьттах духкура аш?
– TIаккха ткъа.
– XIоранна каш а доккхуш?
– Царна хIоранна каш даьккхина мила волу? ТІeкIел цхьана боьра йа берда кIел а кхуьйсий, тIе латта хьокхура-кх.
– Молла варий шун?
– Иза стенна оьшу тIамехь вийначунна?
– Дукха байъиний вайнах?
– Дикка байъина. Цхьа а тIом чекх ца болура масех стаг ца вуьйш. Цкъа туркойн букъа тIехьа хецнера тхо. Шайна ма-ттов лиэта аьлла. Цкъа, цхьана буса, Субтан цIе йолчу йуьрта уллохь туп тоьхна сецнера туркойн эскар. Вайниш генахь дара. МаьркIажехь новкъа йаьлла тхан полк, гатесна йахана, туркошна тIехьа а йаьлла, наб кхетта Іачу оцу туьпа иккхира. Туркой самабовла кхиале, шиний агIор йетташ, уьш цоьстуш, ткъесах чекхлилхира тхо. Цкъа, Кхизал-тепа цIе йолчу ломахь боккха тIом болуш, уггар халачу метте хIоттийра нохчийн а, суьйлийн а ши полк. Оха туркой сецош, йухадевлира вайн эскарш. Даккхий зиэнаш а хуьлуш. Цхьа эзар салти висира вийнa, кхин а дукха бара чевнаш хилларш. Дукха хан йалале йуха а туркойн букъа тIехьа хьажийра нохчийн полк. Хьийзина-а, дахана, Мухтар-пашин дошлойн эскаран туьпа лилхира тхо. Шайн говраш тIера нуьйраш дIа а йаьхна, паргIатбевлла, бийшина Iохкучу царна, «вуьррей» аьлла, маьхьарий тоьхна, йукъахьаьлхинчу оха, вайн гIабакхаш санна, цистира уьш. Доцца аьлча, шайтIанах санна, кхоьрура туркой вайнехан полках.